Францин президента Макрон Эммануэла геч дан мегар дац аьлла полицино динарг, 60 шо хьалха Парижехь Алжирера схьабеввллачу нехан дуьхьалонан акци къизаллица йохош. И нах баьхкинера Сен-Мишель цIе йолчу тIайна улле, Францин Iедале кхайкхам бан Алжирера тIом сацабе аьлла. Цунах лоаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Евроньюс" телеканала тIе а ттевжаш. 1961-чу шарахь хиллачу бохамах лаьцнарг къйладахьна дара иттаннаш шерашкахь. Оцу дийнахь байъинчу нехан терахь билггала хууш дац тахана а. Официалан версица, уьш иттаннашкахь бара. Читать дальше...
Космонавт Новицкий Олег а, актриса Пересильд Юлия а, режиссер Шипенко Клим а тIехь волчу "Ю.А.Гагарин" космосан кеман ("Союз МС-18") охьаюсса аппарат охьахиъна Казахстанан аренашкахь. Трансляци йира цунна Роскосмос сайтана техь. Пересильд а, Шипенко а орбитехь дара ГIадужу-беттан 5-хь дуьйна, Новицкий – Охан-беттан 9-хь дуьйна, хаам бо ТАСС агенталло. Оьрсийчоьнан Хьалхарчу каналан эфирехь Роскосмосан инарлин директора Рогозин Дмитрийс дIахьедира, церан могалалла тоьар йолуш ю аьлла. Пересильда а... Читать дальше...
Амарикан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Канаверал космодромера планеташна юккъехула лела "Люси" станци кхиаме космосе хецна НАСА агенталло, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Станци новкъаяьккхина Atlas V олучу ракето.
Орсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла реза ца хилла, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь (СИЗО) тутмакхашна ницкъ барна бехктакхаман гIуллках доло. Шьаш хьийзорна латкъам бинарг ву СИЗО-хь латтош волу, хьалхо "Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза) политикан тутмакх лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а, хаам бо Свобода Радионо. ГIуллакх долор юхатохарх лаьцна хаам бина "ОВД-Инфо" зорбан гIирсо (арахьара агент лаьрра ю иза). Талламхочо деллачу жоьпехь яздина ду... Читать дальше...