Магасехь 2019 шеран ГIуран-баттахь некъан полицин ханна тIелатарх долу дов теллинчу Ростоврчу Къилба гонан тIеман кхело 27 шо кхайкхийна набахтехь даккха ГIалгIайчуьрчу 27 шо долчу спортхочунна Имагожев Ахьмадна. Колониаан халачу хьелашкахь токхур ю цо и хан "полисхочун дахарна тIекховдарна а, терроран тобанехь лаьттина хиларна а". 2017-гIа шарера схьа иттех тIелатар дина ницкъхошна Къилбаседа Кавказан федералан гонехь уьрсашца, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша динчу дIахьедаршца а догIуш, Кавказехь терроризм эшийна тоххара. Читать дальше...
Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, камерана хьалха дIа а хIоьттина, стаг гечдар доьхуш велахь, цуьнца оьздангалла ю, иза эхье хIума дац. Цул совнах, боху цо, и практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза
Басаев Шемала а, Хаттаба а бутйралла деш, 1999-чу шарахь Дагестане чувахна аьлла, жоьпалле озийначу Ставрополан шина вахархочун Майлубаев Расулан а, Якубов Загира а гIуллакх кхеле дIакхачийна. И ший а бехкево зуламхойн тобанахь латтарна а, талораш лелорна а, иштта федералан эскархошна тIелатарна а, яздо "Кавказский узел" ресурсо. "Талламан версица, 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь Дагестанерчу Ботлихан кIоштахь Басаевс а, Хаттаба а куьйгалла деш, Оьрсийчоьнан эскаршна тIеллета ву и шиъ Оцу тIеман тасадаларшкахь вийра оьрсийн 33 салтий... Читать дальше...
"Ахмат аренехь" къепе латточу Кадыров Ахьмадан полкан полисхоша йиттина "Спартак" футболан тобан шина фанатана. Москварчу клубана дуьхьал ловзучу "Ахматан" матчан садоIийлехь хилла инцидент
Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь йолчу блокпосташна дуьхьал ша хиларх дIахаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Байначу беттан 29-чохь инстаграмехь хIоттийначу эфирехь хаттар деллера Кадыровга цхьаммо: "Кавказан республикашна юкъахь оьшуш йоцу и посташ дIа маца йохур ю?" аьлла. Цунна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ахчанаш а дохуш, зуламхой гучу ца боху посташ оьшуш яц аьлла. Кадыровн дешнашна тIетайра меттигера омбудсмен Нухажиев Нурди. Мехкан урхалхочун позицина тIетайначу цо билгалдаьккхира... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн (ФСБ) белхахоша Москвахь а, Подмосковьехь а лелаш хиллачу Хизб ут-Тахрир (Оьрсийчохь йихкина тоба ю иза, амма маьрша лела уьш Евробертан пачхьалкхашкахь а, Украинехь а. -Редакцин билгалдаккхар.) организацин гара хIаллакдина. Йоьдучу лерринчу операцех лаьцна тобанхойн ши хьалханча а, ялх жигара хилла декъашхо а, хаамбина ТАСС агенталло. ФСБ-но чIагIдарца, конспираци а лелош, шаьш хIитточу гуламашкахь гаранан декъашхоша яржош хилла регионехь террорхойн идеологи. Читать дальше...
Ринга тIехь зудабераша дан хIума дац ша аьллачул тIаьхьа, шегара бехкаш дохуш йинчу критикана жоп делла ийначу кепехь латарийн спортхочо, UFC-н хиллачу латархочо Нурмагомедов Хьабиба, яздо Lenta.ru гIирсо Islam Channel YouTube-канална тIетевжина. "Цхьаммо хаьттира, вайн промоушенехь (Eagle FC-Редакцин билгалдаккхар.) зудабераш хIунда дац аьлла. МаьIне ца хета сайна аьлла, жоп делира ас. Цхьаберш реза ца хилира ас бохучуьнца. Суна бен-башха дац наха хIуъа а бахахь а. Сайн ала хIума делахь, сайна хетарг дIаолу ас", - дIахьедина Нурмагомедовс. Читать дальше...
Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза боху цо. Нахана хьалха къинтIера ваккхар Нохчийчуьра схьадогIуш дац, иза доллу дуьненчуьрчу динашкахь лелош йолу практика ю. "Говорит Москва" радиостанцина еллачу интервьюхь дина оцу кепара дIахьедар вице-премьеро Умаровс. "Хьайгара даьлла боьханиг камераца дIаяздиний ахь, камерана хьалха дIахIоьттина хьайна къинтIера баха а беза. Читать дальше...
Мохьмад пайхамарна ехкинчу карикатурийн автор, шведахойн суртдиллархо Вилкс Ларс кхелхина, дахначу кIирандийнахь Швецин къилбехь хиллачу некъан бохамехь. Швецин зорбанаша полицина тIетевжина яздо, 75 шо долчу Вилксан машен кир кхоьхьучу машенах кхетта бохуш. Суртдиллархо а, иза ларвеш дIасалелаш хилла ши полисхо а велла оцу некъан хьовзамехь хиллачу чевнех. Авари хиларан бахьанаш толлуш ду. Полицино ха дора цунна 2007-чу шарахь Мохьмад пайхамаран корта а буьллуш жIаьла диллинчул тIаьхьа, иза "исламан коьрта мостагIийн" тептаре ваьккхича. Читать дальше...
Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат-Арена" стадионехь къепе латточу "Кадыровн полкан" белхахой тасабелла "Спартак" футболан шина фанатах. Меттигерчу "Ахматан" Москварчу футболхшца йоьдучу матчехь ловзар сацийна садоIучу заманчохь хилла юьйцу инцидент. "Осторожно, новости" телеграм-канало бина и хаам. Цхьайолчу социалан машанашкахь билгалдоккхура, динца доьзна сийсазо лелорна леттера шина фанатах аьлла. Оьрсийчоьнан Премьер-Лигин кхерамзаллехула волчу инспекторо Мейтин Александра бахарехь, дуьйцург латар дац... Читать дальше...