Туркойчохь кхечу пачхьалкхарчу нахана тIелатар дан кечлуш хилла бохучунна шеко йолуш Нохчийчуьра схьаваьлла Оьрсийчуьра 6 стаг лаьцна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадров Рамзана видео зорбане яьккхина туркойн махкара
Итанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийра ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт. Де даьлча дIахьедира, лецнарш берраш а нохчий а бу, царех цхьанна Кадыровн режимо ша емалъечаьрца "къестамаш бан" бакъо ела а хилла, аьлла. Истанбулера нохчийн диаспора сема хила декхарейо баьржинчу хаамо.... Читать дальше...
Москван мэри дагахь ю mos.ru порталах пайда оьцучу нехан суьрташ дIадала полицино лелочу яьххьаш йовзаран системе. Цунах лаьцна яздо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш. Газето далочу документца а догIуш, и гIуллакх кхочушдийр долчу компанино mos.ru порталехь процедура кечъян езар ю, суьрташ гул а дина, дIахьажо Москван УМВД-н хаамаш гулбон а, тергам баран камершна тIера суьрташца болх баран а, яьххьаш йовзаран а системина тIетесначу цхьааллин центре. Цул сов, Iедалша гулбийр бу смартфонашна тIера хаамаш а. Читать дальше...
Туркойчохь кхечу пачхьалкхарчу нахана тIелатар дан кечлуш хилла аьлла шеко йолуш Нохчийчуьра схьаваьлла Оьрсийчуьра 6 стаг лаьцна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадров Рамзана видео зорбане яьккхина туркойн махкара. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу тIехь цо дуьйцу, ша масех меттигерчу гIалахь хилла хиларх а, цигахь Нохчийчуьра "шайтIанаш" шена гина цахиларх а лаьцна, уьш "бовдарна". "Дуьйцуш дара Туркойчохь шайтIанаш ду. Суна ца го. Кхузахь куц долу адамаш ду... Читать дальше...
Черногорин (Монтенегро) Iедалша документ зорбане даьккхина, инвестицеш ярна дуьхьал оцу мехкан паспорташ деллачу 166 стеган цIерш тIехь йолу. Царах дукхахберш бу Оьрсийчуьра схьабевлла нах. Документехь гайтина ю цIе а, вина меттиг а, паспорт дехначуьнан хьалха хилла махкалла а. Кхиболу оцу нахах лаьцна хаамаш я гайтина бац, я, тIе шекъа а хьакхна, хьулбина бу. Черногорин "дашо паспорт" деллачарна юкъахь бу Ростуризман куьйгалхочуьнан Сафронов Олеган а, "Авито" инарлин директоран Правдивый Владимиран а... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаран когаметто Нуланд Викторияс Москвахь цхьа могIа "тоъала конструктиван а, пайде а" цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхошца. Оцунах лаьцна шинарин дийнахь дIахьедина КIайн ЦIийнан официалан векало Псаки Джена, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Оьрсийчоьнан векалша Нуланл дIадаьхьначу дийцаршна муха мах хадабо аш аьлла журналисташа шега деллачу хаттарна жоп луш, Псакис дIахьедира, оцу визитах лаьцна... Читать дальше...