Оьрсийчоьнан юстицин министралло "Зорбанаш-арахьара агенташ" реестре язйина, Свобода Радиоца а, Север.Реалии порталца а белхаш беш хилла журналисташ Вольтская Татьяна а, Клепиковская Екатерина а, Соловьева Елена а. Иштта церан могIаре яьккхина талламан Bellingcat проект а. Реестре баьхна "Дождь" ("арахьара агент" лерина)телеканалан журналист Сотников Даниил а, оьрсийн Би-би-син корреспондент Захаров Андрей а, "Настоящее время" телеканалан журналисташ Сурначева Елизавета а, Перл Роман а, журналисташ Симонов Евгений а... Читать дальше...
Армин казармехь къизаллица Дагестанерчу вахархочунна етташ, видео яржийна телеграм-каналаша. Дийцарехь, эскаран гIуллакх дечунна тIелеттарш бу цуьнан махкахой. Цкъачунна хууш дац, билггал муьлхачу Оьрсийчоьнан декъехь хилла ю инцидент. Видео тIехь дерг толлуш бу бакъоларъяран органаш, чIагIдо Mash ресурсо. Информаци бух болуш хиларх дина тоьшаллаш дац. Билггал мича бахьанашца иккхина казармехь конфликт цкъачунна дуьйцуш дац ишта. Видео тIехь долчу суьртаца, салташа 20 эзар сом а, телефон йоьху юкъаверзийначуьнгара. Читать дальше...
"Новая газетан" коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна Нобелан машаран преми делла, Оьрсийчоьнна дуьхьал пропаганда лелорна а, нохчийн къомах лаьцна ямарт харцдерг дийцарна а аьлла Нохчийчоьнан вице-премьеро Умаров Джамбулата. Шен инстаграмерчу аккаунтехь яздина цо цунах лаьцна. "Цецволийла дац кхузахь, оцу персонажана шен "Иудин сребреникаш" кхаьчна, Оьрсийчоьнна дуьхьал пропаганда лелорна а, вайн къомах лаьцна ямарт харцдерг дийцарна а. Дерриг а логикаца догIуш ду. Вайн замане хьаьжжина ду, шуна ма-гарра... Читать дальше...
Афганистанерчу Кундуз провинцехь шиитийн маьждиг эккхийтинчохь велла бIе сов стаг, чевнаш йинарш а бу. И хьал гинчара дийцарехь, эккхийтар хилла дахначу пIераскан дийнахь, рузбане нах гулбеллачу заманчохь. Динчу зуламах жоьпалла цкъачунна цхьаммо а тIелаьцна дац. Афганистанан къилбаседанехь ю Кундуз провинци. Таджикистанца доза тоьхна а ю иза. Масех де хьалха эккхийтар дира иштта Кабулерчу Идгах маьждига чувоьддучохь а. ХIетахь велира пхи стаг. "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобано дина хир ду тIелатар аьлла, шекбевлира. Читать дальше...