Оьрсийчуьрчу бахархошна дихкина "Проект" гIирсан сайте бовлар Роскомнадзоро. Инарла прокуратурин тIедиллар кхочушдарца бина и сацам, яздо оьрсийнСвобода Радионо. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гонех лаьцна бина талламаш шайн материалашкахь Iорабохура оцу хаамийн гIирсо. Оьрсийчохь оьшуш йоцчу организацех дIатуьйхира "Проект", цул тIаьхьа редакцино дIахьедира, шаьш болх сацорах. "Проект" кхоьллинера 2018-чу шарахь РБК-н а, "Дождь" телеканалан а редакторо Баданин Романа. Цхьа могIа резонансе талламаш арахийцира "Проекто". Читать дальше...
Коронавирусан ун ца даржийта Iалашонца Iедалхоша кхайкхийна мукъаденош дуьйладелла тахана дуьйна Москвахь, яздо оьрсийн Свобода Радионо. КарабогIучу беттан 7-чу дийне кхаччалц дIадахлур ду уьш. Шахьарахь дIакъевлина кафеш а, ресторанаш а, шаьш кечбина кхача ара а луш, болх бийр бу цара, иштта курьерашка дIаса а кхоьхьуьйтуш. Болх сацийна хазаллин салонашкахь а, кинотеатрашкахь а, фитнес-центрашкахь а, бассейнашкахь а, автосервисашкахь а. Театрашка а, музейшка а баха таро ю бахархойн QR-кодех пайдаоьцуш. Читать дальше...
Мел кIезиг а, Оьрсийчохь 420 стаг политикан тутмакхех дIатоьхна бакъонашларъярхоша. И терахь пхоьазза сов ду пхи шо хьалха хиллачуьнца дуьстича. Ишта хьесап дина хаамийн "Медуза" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.) сайто, бакъонашларъяран "Мемориал" (Арахьарчу агентийн тептаре яьккхина организаци Оьрсийчоьнан Iедалша, "Мемориал" цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.)центрана тIетевжина. "Мемориалан" тептарехь билгалваьккхинчу... Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу Халкъан гуламан (парламентан) депутатийн а, регионерчу Конституцин кхелан куьйгалхочун Гагиев Аюпан а барт хилла, федералан низамца а догIуш, Конституцин кхел дIайохо. Гагиевс карладаьккхина Оьрсийчоьнан конституцехь яздина цахилар, пачхьалкхан кхелан системехь регионашкахь конституцин кхелаш хила езарх, яздо "Интерфаксо". Де хьалха Халкъан гуламан пачхьалкхан гIишлошъярехула а, низамаш дахарехула а йолчу комитетан урхалхочо Гадиев Ислама (ЛДПР) "ГIалгIайчуьра Конституцин кхел дIаяккхар"... Читать дальше...