Малхбузен итт пачхьалкхан векал Туркойчуьра аравоккхуш бина сацам юхаэцна мехкан президенто ЭрдогIан Реджепа. Векалш "юхабевлла", "тIейогIучу заманчохь ларлур бу шаьш дIахьедарш деш" аьлла туркойн президенто. Цунна ца тайнера, Туркойчохь Iедал карчон гIоьртина аьлла, шеконашка эцна туркойн бакъонашларъярхо Кавала Осман мукъаваккха веза цара алар
ГIадужу-беттан 26-чохь Берлинехь йоьдучу кхелехь Украинерчу тешана вевзина, нохчийн гIаттамхойн хилла тIеман буьйранча, Гуьржийчуьра вахархо Хангошвили Зелимха верна бехкевийриг, шен бажа хилла К. Вадим Николаевич санна. Цхьа а тоьшаллаш ца далош, цо дIахьедина, полковникан даржехь а волуш, иза къайлахчу сервисийн белхахо хиларх, хаамбина DW газетан корреспонденто кхелан гIишлочуьра. Хаамийн гIирсо яздарехь, Товбеца-бутт бовш тешо - 55 шо долчу, Александр цIе йолчу Харьковерчу бизнесхочо мукIарло динера Берлинерчу кхелехь... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Кхарачой-Чергазийчуьрчу Талламан комитетан урхалло бехктакхаман гIуллакх диллина махкарчу Прикубанскан кIоштарчу 34 шо долчу яхархочунна дуьхьал. Иза бехкейо, Оьрсийчоьнан интересашна бIостане йолчу Iалашонашца "Герзашца вовшахтоьхначу тобанахь хиларна" а, "Арахьарчу пачхьалкхан дозана тIехь боьдучу тIамехь дакъалацарна" а. Талламан версица, шеконеэцнарг Шемахь хилла 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь, "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю организаци, террорхойн а лаьрра) шех олучу тобанан декъашхошлахь жигара дакъа а лоцуш. Читать дальше...
ГIалмакхойчуьра номер 1 йолчу колонин лакхара инспектор лаьцна, тутмакхера ахчанаш дохуш хилла аьллачу шеконашца. Регионера Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Бинчу талламца а догIуш, карарчу шеран Охан-баттера ГIадужу-батте кхаччалц хан токхучун мобилан телефонехула ахчанаш кхочуш хилла лакхарчу инспекторе, колонехь хан йоккхучу заманчохь цуьнан дола дарна. Инспекторо "бIаьргаш дIакъовлуш хилла" тутмакхашна лело магийна йоцу хIуманаш а, гIирсаш а цара лелочу заманчохь. Читать дальше...
Малхбузен итт пачхьалкхан векал Туркойчуьра аравоккхуш бина сацам юхаэцна мехкан президенто ЭрдогIан Реджепа. Туркойн лидеро бина цунах лаьцна хаам Хонкарахь дIахьочу конференцехь, векалш "юхабевлла", "тIейогIучу заманчохь ларлур бу шаьш дIахьедарш деш" аьлла, тIе а тухуш. Хьалхо Канадин, Францин, Финляндин, Данин, Германин, Нидерландийн, Керлачу Зеландин, Норвегин, Швецин, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а векалаллаша дIахьедира твиттерехь, дипломатин юкъаметтигех лаьттачу Венан конвенцица а догIуш... Читать дальше...
Хасавюртан гIалин суьдо, ша йина кхел кIад а йина, цIахь лаьцна латто аравалийтина Нохчийчохь полицин ротан командир хилла Бакаров Хьусайн. Иза цIахь хир ву Лахьанан-беттан 3-чохь таллам бина баллалц, хаам Дагестанерчу "Черновик" газето. Цо яздарехь, Бакаров гергара стаг ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан уллерчу стеган республикан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан. Бакаров Хьусайн лецира Марсхьокху беттан 3-хь Хасавюртахь Винсовхозный олучу меттехь, "Герз" (Оружие) олу леррина операци дIахьуш. Читать дальше...