Къилберчу тIеман гонан кхело Товбецан-беттан юьххьехь Дагестанерчу Велиметова Регинина ши шо хан туьйхира набахтехь такха. Изоляторехь шен пхоьалгIа бер дира цо, цул тIаьхьа кхечира набахтерчу дарбан цIийне. Цигахь Велиметована тIехь, цо бахарехь, гIело латтийна и санначу зударша-тутмакхаша а, набахтин администрацино а. Кавказ.Реалиино довзуьйту цуьнан дов. Мисарара - изоляторе Велиметова Регина а, цуьнан майра Абусупьянов Мохьмад-Iела а Мисарахь дехаш дара шайн деа бераца. Гергарчу Малхбалерчу... Читать дальше...
Зорбанийн маршонехьа йолчу Коалицина юкъайогIучу 18 пачхьалкхан Iедалхоша, шайлахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Украина а йолуш, Оьрсийчуьрчу прессан маршона тIехIуьттуш, куьйгаш яздина еарин дийнахь юкъахь хIоттийначу дIахьедарна. Американ Пачхьалхкан департаментан сайта тIехь зорбане хIоттийна дIахьедаран текст. Оцу документа тIехь билгалдоккху, цара "арахьара агенташ" олучу зорбанаша бен хаамаш билгалбохуш маркировка ян Оьрсийчоьно декхаредаро тоьшалла до, йозуш йоцчу журналистикана Оьрсийчоьнан бахархой тIе ца кхачийта гIерта аьлла. Читать дальше...
Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртахь 1999-чу шарахь ГIадужу-беттан 29-чохь мухIажарийн коврана тIе бомбанаш йиттина, официалан зерашца вийра 16 маьрша вахархо, чевнаш йира 11 стагана. Еттачу бомбанех а, кхийсарех а бовда дагахь болчу бахархошна оцу беттан 22-чохь федералан ницкъаша дихкинера Нохчийчоьнан доза хадон. ГIадужу-беттан 26-чохь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дийца даьккхира, 29-чу дийнахь дуьйна Нохчийчуьра "Кавказ-1" постехула ГIалгIайчу... Читать дальше...
Къилбаседа-Малхбузерчу федералан гонашкахь Нохчийчоьнан векал волчу 38 шо долчу Хизриев Исламе бехк кховдийна, низамаш дохош наркотикаш лелийна аьлла. Петербургерчу кхело цIахь лаьцна витина иза, дIасавалар а доьхуш ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц. ПIераскан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Санкт-Петербургерчу кхелийн цхьаьнатоьхначу пресс-гIуллакххоша, яздо ТАСС агенталло. Низамаш хьоьшуш, 2,93 грамм мефедрон юкъахь йолу наркотикан маркхалш Хизриевс шеца латтош хилар тIечIагIдина. Талламо дийхира... Читать дальше...
Оьрсийчоь ю юха а чуюллуш. Карантинна. Цамгар кхеттачийн терахьаш ду вуно ирча. Декъийн дукхалло Iадаво. "Крымнаш" мехкан Iедал ду шело латтош долу даккхий рагIош оьцуш, маьIна мухха а делахь а, меттигерчу могашаллин министран гIовса ма-аллара, дIавуллучу стеган "куц-кеп лартIахь дисийта". Думин харжамийн барам бирзича чусадеъна хьийзачу Путин Владимира деладенна арахоьцу Iедало халкъан доладеш гойту дехкарш. Дукха хан йоццуш цо, протестхойх лаьцна, "дукхахберш бац набахтехь" аьлла йина аьшнаш дага а лоцуш... Читать дальше...