Оьрсийчоь-онлайн: Навальный лацарна дуьхьал протесташ ю йоьлхуш, лоьцуш бу декъашхой
Шен деллачу дIаьвшах дарба дайтина а ваьлла, Германехь Оьрсийчу юхавеанчу дийнахь лаьцна оппозиционер Навальный Алексей мукъаваккха Iедал декхаредеш, Москвахь а, Петербургехь а тахана хIиттинчу протестан акцешкахь полицино лоьцуш бу нах, кхерам бу царна набахтешка хийшо. Маршо Радионо гойтуш ду Москварчу митингера хьал кху сахьта йоьдучу шен эфирехь. "ОВД-Инфо" портало бечу хаамца, Москвахь, Петербургехь, шинхьа а, лецна иттанне кхоччуш протестхой. Цаьрца цхьаьна лецна журналисташ Френкель Давид а, Делимбетов Олег а, Царева Марина а. Читать дальше...