Истанбулан полицин терроризмца къийсам латторан урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а де хьалха шпионаж лелорна шеко йолуш лаьцна кхечу пачхьалкхашкара ялх стаг. Царна юкъахь ву Оьрсийчоьнан вахархо а
Оппозиционер Навальный Алексей латточу колонехь иза вада мегаш хиларан чоьтера дIа а ваьккхина кхечу чоьте хIоттийна – "экстремистийн а, террористийн а идеологина" тIера стаг волуш санна, хаам бо Свобода Радионо. Навальныйн цIарах цуьнах лаьцна яздина цуьнан инстаграмехь. Оцу хаамехь дуьйцуш ду, иза кху деношкахь колонехь комиссе а кхайкхина, цуьнга хаам бина хиларх лаьцна иштта бинчу сацамах. "Оперуполномоченный хьенехов минеха рапорт дахьийтина, тутмакх Навальный экстремистийн а, террористийн а идеологина тIера хиларх лаьцна" ... Читать дальше...
Истанбулан полицин терроризмца къийсам латторан урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а де хьалха шпионаж лелорна шеко йолуш лаьцна кхечу пачхьалкхашкара ялх стаг. Царна юкъахь ву Оьрсийчоьнан вахархо а. Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьедина, и стаг шайна вевзаш ву цхьамма тIедилларца нах байъарна декъа хиларца аьлла. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалиига" хаам бина нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана. "Цуьнан цIе Беслан ю, шолгIа цIе ю - Изнаур. Цуьнах лаьцна яздинера... Читать дальше...
Набахте чувоьллина, цул тIаьхьа мацалла хьегар ловш волу Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил госпиталехь охьавиллар оьшуш ву, цуьнан могашалла телхаш хиларна, хаам бина кIиранан дийнахь Оьрсийчоьнан ТАСС агенталло, цуьнан лоьрана тIе а тевжаш. Цунах лаьцна яздо Американ Аз зорбан гIирсо. Малхбузенехьа волу, ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь мацалла хьегар кхайкхийна политик дIалецира, масех шарахь махкал арахьа ваьхначул тIаьхьа иза къайлаха Гуьржийчу веанчул тIаьхьа. 2018-чу шарахь Гуьржийчохь... Читать дальше...
Польшехь эзарнаш бахархоша акци дIаяьхьна кIиранан дийнахь, ГIадужу-беттан 10-хь, Польшин конституци хьалхе йолуш ю Евробартан конституцина аьлла, Конституцин суьдо бинчу сацамна дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бина Свобода Радионо. "Немцойн тулгIено" дийцарехь, Замковая олучу Варшаверчу майданахь демонстранташа гулбеллера "Тхо дуьсу!", "Тхо Европа ю!" лозунгашна кIеллахь. Цу тайпа акцеш хилла Гданьскехь а, Познанехь а, Щецинехь а, Краковехь а, цхьайолчу кхечу гIаланашкахь а. Польшин Конституцин суьдо кху деношкахь сацам бира... Читать дальше...