ГIадужу- беттан 9-чохь Нохчийчохь хуьлучунна хьажийна дуьхьалонан акци дIаяьхьна Францерчу Страсбургехь. Европан Кхеташонан гIишлонна хьалха хIоттийначу митингехь дакъалецира дуккха а махкахбевлла лелачу ван наха. Нохчийчуьрчу Iедалшка шайн политикан оппонентийн гергарнаш хьийзор сацадайта, бохуш кхайкхамаш бора дуьхьалонан акцин декъашхоша
ТIедогIучу оршотан дийнахь, ГIадужу-беттан 11-чуьра дуьйна, Нохчийчохь нах дIасалелачу меттигашкахь а, хьукматаш чу воьдуш а хьашт хир ю QR-кодаш, йа COVID-19 вирусна дуьхьал вакцинаци ярх сертификат, йа ун текхна ву аьлла тоьшалла. И хаам баржийна вирусна дуьхьал къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан куьйгалхочо Усмаев Вахита. "Эпидемин хьал эгIарца а, махкара санитаран-эпидемиологин токхо латтийта а ГIадужу-беттан 11-чу дийнера схьа дуьйна массо а организацешна (йохка-эцаран центраш... Читать дальше...
Истамбулерчу терроризмаца къийсам латточу полицин урхалло а, туркойн Къоман иччархойн организацино а дIахьедина, шаьш ялх кхечу мехкашкара стаг лаьцна, шпионаж лелош хилла аьлла, тасаеллачу шеконашца. Habertürk газето бина цунах лаьцна хаам дахначу шоьтан дийнахь. Цаьргара схьадаьккхина герз а, патармаш а, цхьахволчуьнгахь хилла Оьрсийчоьнан паспорт а. Газетан хаамашца, и нах лоьцуш операци дIаяьхьна шина адресца Анталехь а, кхаанца Истамбулехь. Шеконашца лецначу нахера яьккхина кхо тапча, цхьаъ хилла тата а ца доккхуш стаг вуьйш... Читать дальше...