Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан полицин декъехь шега Iазап хьегийтарх дийцина Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Эрмалойчоьно дIавала тарло Оьрсийчоьне. Эрмалойчоьнехула Европе дехьавала гIоьртинера иза, амма цхьахйолчу дозанхойн пунктехь Мукаев лецира - ницкъахоша дIахьедира, бакъо йоцуш герзан гIирс латтийна аьлла, федералан лехамашкахь хиллера иза аьлла, яздо "Новая газето". Стохка Чиллан-баттахь полисхоша дIавигинера Нохчийчохь Мукаев Салман. Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштарчу полицин декъе дIавигинера иза... Читать дальше...
Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а лаца кхайкхийна Gulagu.net проектан информатор Савельев Сергей. Иза лаца а, цунна Оьрсийчу экстрадици яйта а кехаташ ду вовшахтухуш. Gulagu.net проектан куьйгалле чоьхьарчу гIуллакхийн министралло информаци бакъйина. Шен телеграм-каналехь яздо Gulagu.net проект кхоллинчу Осечкин Владимира: "Ницкъ бен конвейер гучуяьккхинчунна "баркалла" олучу метта - иза лехамашка а велла, лаца хьийза, хIуъа дина а Оьрсийчу иза юхавало. Оьрсийн ницкъахой шаьш шайна нахалабуьйлу... Читать дальше...
ХIинжа-ГIалара Санкт-Петербурге йоьдучу автобусчуьра ялх пассажир велла, бархIанна чевнаш йина ГIалмакхойчуьрчу Яшкульскан кIоштахь кир кхоьхьучу машенах а кхетта. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн хаамашца, пассажирийн Neoplan автобус "Камаз" машенна тIекхетта. Юьхьанца дуьйцура пхиъ велла бохуш, тIаьхьа дийца даьккхира республикерчу дарбан хIусамехь кхин а цхьа зуда кхалхарх, яздо ТАСС агенталло, ГIалмакхойчуьрчу могушалла Iалашъяран министран Кикенов Юрийн хаамна тIетевжина. Лазийна пхиъ лоьраша гIо а кхачийна... Читать дальше...
Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин декъашхочо Солтаев Мансура довзийтина социалан машанашкарчу масех "дастамечу блогерх" шена хетарг. Цуьнан хьежамашца, "йоьлхучу эфирашкахь оьзда а, гIиллакхе а доцуш" лела уьш. "Нохчийн юкъаралла тIетайна парламентан спикеро Даудов Мохьмада социалан машанашкахь болийначу балхана. Инстаграмерчу шен эфирехь, ша терго латтор ю къам бехдечу контентна тIехь аьлла, цо дIахьединчул тIаьхьа, оцу "блогерийн" терахь лахделла" догIу, - боху Солтаевс. Юкъаралхочо дIахьедина... Читать дальше...
Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа омра делла арахьарчу гIуллакхийн министраллана, пачхьалкхера итт Малхбузен векал араваккха аьлла. Бу царлахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Германин а, Францин а векалш а. Daily Sabath газетан буха тIехь яздина цунах лаьцна Оьрсийн Свобода Радионо. Пачхьалкхан Iедал карчон гIортарна шеконашка эцна туркойн филантроп Кавалу Iосман маьршаваккхар доьхуш, кхайкхам барца доьзна ду аьлла, кхетийна шайн гIулчах. Истамбулан прокуратуро 2016-чу шеран Мангал-баттахь Iедал карчо гIоьртинчех ву аьлла... Читать дальше...