Нохчийчоьнан парламентан спикера, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллерчу накъоста Даудов Мохьмада емалбина социалан машанашахула юкъарло лелош болу кегийрхой. "ГIиллакхехь йоцу" посташ билгалйохуш, ойлайн-хехой болх бан буьйлабелла Нохчийчохь, ткъа ТикТокера онлайн-трансляцеш тергалйо ша-шех инстаграмехь Лорд аларца Къилбаседа Кавказехь вевзаш волчу Даудовс ша. Политик дарвинарг яц оппозицин яппарш я махкара социал-экономикан кхачамбацарш бехкедеш Iедална йина критика, цатайнарг ду кегийрхоша интернет-эфирехь... Читать дальше...
19 шо дуьзи Москварчу Дубровкерчу театрехь "Норд-Ост" мюзикл йоьдучу заманчохь цу чуьра 1000 гергга стаг закъалте лоцуш, нохчийн тIемалоша тIелатар дина. Театр дIалаьцначара Кремль декхарейора Нохчийчохь тIемаш бен эскарш арадаха. Кхо де даьлча, беш лаьтта барт а бохийна, Iедало тIелатарца мукъаяккха йолийра гIишло. ХIинца а, муьлха хилла хоуьйтуш йоцу, газ чу а хецна, хIаллакбира нах. 130 маьрша вахархо велира, 700 стеган могашалла талхийра, байира массо а тIемалой. Цул тIаьхьа 8 шо даьлча... Читать дальше...
Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш кху баттахь дIабаьхьначу къовсамехь тоьллачу Нохчийчуьрчу ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, "Терек" СОБР-н командирна Лорсанкаев Сайдина а Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо совгIаташ дина Mercedes машенашца. "Новости" информацин агенталло бина цунах лаьцна хаам. "Иза ший а тешамца къахьоьгуш схьавогIуш ву Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь. Бохор боцчу лаамо, доьналло, майралло... Читать дальше...
Шпионаж лелийна аьлла, кхоллаеллачу шеконашца Туркойчохь арахьарчу мехкийн ялх вахархо - виъ Оьрсийчуьра, цхьацца Украинера а, Узбекистанера а, лаьцначул тIаьхьа, пачхьалкхан Iедалхоша шайгара ха дан нах хIиттийна нохчийн диаспоран хьалханчашна. Иштта, Туркойчохь бехачу нохчаша шайн кхерамзалла Iалашъеш цхьацца барамаш чIагIбина. "Кавказский узел" интернет-ресурсе (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язъйина, "Кавказский узел" цунна реза яц. - Редакцин билгалдаккхар.) дийцина цхьахволчу нохчийн жигархочо... Читать дальше...