Орсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла реза ца хилла, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь (СИЗО) тутмакхашна ницкъ барна бехктакхаман гIуллках доло. Шьаш хьийзорна латкъам бинарг ву СИЗО-хь латтош волу, хьалхо "Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза) политикан тутмакх лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а, хаам бо Свобода Радионо.
ГIуллакх долор юхатохарх лаьцна хаам бина "ОВД-Инфо" зорбан гIирсо (арахьара агент лаьрра ю иза). Талламхочо деллачу жоьпехь яздина ду, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шаьшшина гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву, шаьшшиъ Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшина ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.
Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.
Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.
Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре.
Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.