Магасехь Зазадоккху-баттахь дIаяьхьначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал куьйгайдина аьлла, бехкевинчу жигархочо Вышегуров Мустафас мацаллин протест кхайкхийна талламан изоляторехь аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло. "Со динехь лелаш стаг ву. Ас ца йошу маж. Суна гайтина дац, кху чохь маж лело дихкина ду аьлла, яздина документ. Соьца чохь ву Бадиев Адам цIе йолу жимстаг, иза а дуьхьал хилла маж яша. Шаьш карцер чу вуллур ву хьо бохуш, кхерамаш тийсина цунна а", - аьллачу жигархочун дешнаш далийна агенталло. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан бахархой "дог боьха дебилаш" ю аьллачу иллиалархочуьнга Макаревич Андрейга пачхьалкхера дIагIо аьлла Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата. "Схьагарехь, кхолларалла вон яц цуьнан, сцени тIехь а къегина го, делахь а, тIаьххьарчу заманчохь цхьаболчу, оцу "дог боьхачу дебилаша"седарчий динчу, эстрадин векалшца цхьа тамашен метаморфозаш хуьлу-кх", - аьллачу Умаровн дешнаш далийна replyua.net.портало. Макаревичан лелар иза къанваларца доьзна ду боху министро. "Нагахь санна, Iамеркехь ваха самукъане а... Читать дальше...
ПIераскандийнахь Соьлжа-гIалахь даьгна 170 сов цициг а, жIала а кхобу цIа юхаметтахIотто шена тIелаьцна Firdaws модан цIийнан куьйгалхочо, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата. Старопромыслан кIоштан префектан гIовса Абдулаев Мовсара бина и хаам журналисташка. Маршо Радионо яздира, пIераскан Iуьйранна Соьлжа-гIаларчу дийнатийн хIусамах цIеяларх. Болчу хаамашца, 170 сов цициг а, жIала а хилла цу цIа чохь. Дерриш а кIелхьардаха аьтто кхаьчна орцанхой. "Хиллачу бохамах шена ма хеззи... Читать дальше...
ТIехьарчийна тайп-тайпана декхарш хиларна 16 эзар сов вахархо ву Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, цхьацца гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дихкина царна доза хадор. Оьрсийчоьнан Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца елла, я цхьаьннан могашаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина... Читать дальше...
Кху беттан 14-чохь Соьлжа-гIалахь вайначу Амаев Майрбека видео дIаязйина, шен доттагIашца Пятигорскехь сакъоьруш вара ша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш, аьтто баьлла иза лаха бохуш, чIагIдо "ЧП Чечня" паблико. Маршо Радионо яздира, цуьнан гергарчара социалан машанашкахула кхайкхамбарх, шайн доьзалхо варах. Еаридийнахь "Чечня Сегодня" агенталлан Youtube-канало Iораяьккхинчу видео тIехь, ша Амаев Майрбек а ву, накъосташца Пятигорске ваханера ша садаIа бохуш, дуьйцу жимчу стаго. Читать дальше...
Еаридийнахь Лубянкехь динчу тIелатарехь лазийна шолгIа ФСБ-н белхахо велла дарбан цIийнехь аьлла, хаамбина ТАСС агенталле Талламан комитетан официалан векало Петренко Светланас. Еаридийнахь Москварчу ФСБ-н гIишлон гергахь герзаш диттинчу Манюров Евгенийн нанас дийцина хаамийн гIирсашка, тIаьххьарчу шерашкахь шен кIант хадархо вара, амма масех бутт хьалха балхара дIавелира иза аьлла. "Baza" хьосто дийцарехь, цо болх бинчех ю "Вымпел" спецназан ветеранашца йоьзна йолу "Вымпел-резерв" компани а. Манюровн нанас дийцарехь... Читать дальше...