Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Пятигорскехь кхерсташ хилла вайна Амаев Майрбек (+видео)

Кху беттан 14-чохь Соьлжа-гIалахь вайначу Амаев Майрбека видео дIаязйина, шен доттагIашца Пятигорскехь сакъоьруш вара ша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш, аьтто баьлла иза лаха бохуш, чIагIдо "ЧП Чечня" паблико.


Маршо Радионо яздира, цуьнан гергарчара социалан машанашкахула кхайкхамбарх, шайн доьзалхо варах. Еаридийнахь "Чечня Сегодня" агенталлан Youtube-канало Iораяьккхинчу видео тIехь, ша Амаев Майрбек а ву, накъосташца Пятигорске ваханера ша садаIа бохуш, дуьйцу жимчу стаго.


"Жимма хьевеллера со. Дега, нене хаийта ца хIуттуш Iийнера со. ТIаьхьо хиира суна, со лоьхуш цIахь йоккха IалагIож гIаьттинийла. Со цхьаммо сацийна, дIавигна а вацара, ас дина хIума а дац. Со сайн доттагIашца Пятигорскехь вара. КъинтIера довла, шаьш хьийзадарна, кхул тIаьхьа цу тайпаниг сайгара долуьйтур дац ас",- аьлла Амаевс.




 


"ЧП Чечня" тобан авторша Инстаграмехь чIагIдо, Амаев Кадыровн гIоьнца карийна ву бохуш. 

"Рамзан Ахматович, хьуна баркаллаш баха кIордор дац тхуна. Республикехь массо а холчахь вара. ХIинца гуш ду, хьайга Амаев лохуш гIо дехча, ахь сихонца накъосталла дира. Рамзан Ахматович, хьо тоьлла Куьйгалхо а ву, Турпалхо а ву", - яздина хаамехь "ЧП Чечня" паблико.




 


Дагадоуьйту, 2016-чу шарахь нохчийн бардо Бетелгериев Хьусайна кIира даьккхира, мичахь ву а, дийна ву-вац а цахууш. Цул тIаьхьа "Пятигорскехь хиллера" аьлла, гучуваьккхира иза а. 


2017-чу шеран аьхка Соьлжа-гIалахь вайра нохчийн иллиалархо Бакаев Зелим. Цуьнан нанас орца дийхира Кадыров Рамзане, шен цхьаъ бен воцу кIант лохуш, гIо дахьара ахь аьлла. 


"Бехкзуламан гIуллакх схьа а диллина, "са ма гатде", "лохуш ду" бохуш, кIентан гергарчу нахана кхелан системехь болучара дегайохо а латтош, "декхарех ведда", "ша шена пиар еш ву", "кеста гучувер ву" кхечу декъо а бохуш, латтийра Бакаев Зеламха. ТIаьхьо цуьнан кхолламех дIахьедар дира Кадыровс, я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац кIант варна. КIантах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза элира цо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus