Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Беа баттахь Астанара аэропортехь латтийначу Муртазов Зелимханан Эрмалойчу дIаваха аьтто хилла

Беа баттахь гергга Астанара аэропортан транзитан зонехь латтийначу Нохчийчуьра вахархочун Муртазов Зеламханан аьтто бели Эрмалойчу дIаваха. Оьрсийчохь иза лаца тарлора тIеман декхарш кхочуш ца дарна, йа бертаза тIамтIе вахийта тарлора.

Зеламханан вашас Турпала бахарехь, охан-беттан 20-чохь Казахстанера дIаваха таро хилира цуьнан, Астанана а, Ереванна а йукъахь кеманаш дIасалела дуьйладеллачу хьахарчу дийнахь. Эрмалойчу кхаьчначул тIаьхьа дозанхоша латтийнера иза масех сахьтехь хеттарш а деш, цул тIаьхьа чу витина шайн пачхьалкхе.

"Маьршачу дахарх дIавулуш ву ша, бегаш бора цо D витамин тIе ца тоьара шена, хIинца маьлхехь хиъна Iаш ву ша бохура", - дийцина Турпала "Вот так" цIе йолчу интернет-гIирсе. Оцу йукъанна вашас билгалдаьккхира, Эрмалойчоь кхачам боллуш маьрша мохк бу аьлла ца хета шена Нохчийчуьра Iедалх бевддачу бахархошна аьлла.

Муртазовс кхаа шарна контракт йина хиллера «Ахмат» декъаца 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь, цо дийцарехь, нохчийн ницкъахоша тIехь гIело а латтийна. Ца хуьлчу далахь шаьш цуьнан жимахболу вежарий тIамтIе дIабохьуйтур бу бохуш, кхерамаш тийсинера цара. Тхан редакцина йеллачу интервьюхь цо дийцира, кхаа шарахь Запорожьен кIоштахь лаьттаца белхаш бина ша, ткъа контракт, шега хаьттина хIума а доцуш, дIадахдинера шен аьлла. Стохка гIадужу-баттахь Муртазов цхьана ханна садаIа цIа вахийтинера, цул тIаьхьа веддера иза Казахстанехула Туркойчу, амма туркойн Iедалхоша чу ца витира иза, йуханехьа депортаци йира Астана.

ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето Казахстанна дихкира Нохчийчуьра вахархочунна Оьрсийчу экстради йар. И сацам тIеэцнера Мовлаев Мансуран векало Дроздов Вадима динчу дехарца, бакъоларйархочо Беляева Нинас гIо а деш.Казахстанехь а, Хорватехь а тховкIело йаккха хьийзачу Къилбаседа Кавказера бахархоша дIахьедира, шайн бакъонаш луьра хьоьшуш хиларх. Даймахкахь царна кхерам лаьтташехь, миграцин хьукматаша тховкIело йала дуьхьалонаш а йеш, Оьрсийчу дIахьийсабо уьш. Бакъонашларйархоша дийцира тхан сайте оцу хIоьттинчу хьолах лаьцна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus