Оьрсийчохь 10 000 сов школо дихкина берашна цара доьшучу сахьташкахь телефонаш лело, аьлла дешаран министра Васильева Ольгас, хаамбо ТАСС агенталло. Министро дийцарехь, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Белгород-мехкан массо а школашкахь бина и тайпа сацам. Оьрсийчоьнан кхин а цхьайолчу регионашкахь доьхку школашкахь гаджеташ лелор. «Шайга хеттарш динчу нахах кхаа декъо боху, берашна а санна, педагогашна а дехка деза белхан муьрехь телефонашна чухьежа – суна а хета иза иштта», - боху Васильевас.
Суданехь президентан даржера вохийначу Iумар ал-Баширна коррупци лелорна нахабтехь такха ши шо къастийна пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Хартумехь йирзинчу кхело, хаамбина "Ал-Джазирас". 75 шо долу къано бехкевина низамехь а доцуш, арахьарчу пачхьалкхашкара схьа а оьцуш, валюта цIахь латторна а, хьарам бахам шена гулбарна а. Шерашна воккха хиларна иза хьажош ву «коррекцин центре». Яхначу бIаьста протесте бевллачу суданхойн агIор лаьттачу эскарша даржах вохийра Iумар ал-Башир. ХIетахь къоьлла... Читать дальше...
46 эзар сов стаг ву «Къилбаседа Кавказерчу Россети» (серло латточу хьукматна) ягочу тоьках декхаревахана. Цуьнан юристаша кхеле белла и нах, цара 8,6 миллиард сом тIехьарчорна. Кхелаш бакъян лараелла цкъачунна 27 зар абоненташка йолу претензеш. Кху ханна церан сацамашца бахархоша охьадилла деза серло латточу организацешна 5,4 млрд сом. Ягочу энергех ахча дIа ца луш бисина Къилбаседа Кавказехь вуно дукха хIусамийн-коммуналан бахамаш. Деккъа цара тоьках тIехьарчийнарг ду 11,5 миллиард сом. Республикашлахь... Читать дальше...
Соьлжа-ГIалара «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офис ягийна 5 шо кхачарца доьзна, бакъоларъярхойн юкъаралла Нохчийчуьра эккхор довзуьйту Чиликов Евгенис яьккхинчу "Эвакуация" филмо. "ХIусам ягорна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина, иза дIахьош бу Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан урхаллерчу хьалхарчу декъан ( I отдел ГСУ СК РФ по СКФО) талламчаш. Оццул хан яьллехь а, дина дац хIумма а. «Эвакуация» филмо гойту, мел баккхий баланаш лов Iедал «кочадахначу» бахархоша а, уьш къелхьарбаха арабовлучу бакъоларъярхоша а. Читать дальше...
Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкарчу буьйранчашца дIаяьхьначу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бовзийтина Гуьмсан а, Нажи-Юртан а кIоштийн полицина коьрте хIиттийна керла нах, яздо "Чечня сегодня" портало. Гуьмсан кIоштан полицин коьрте хIоттийна Чалаев Исхьакъ – иза Нажи-Юьртан кIоштахь оццу даржехь вара. Ткъа Нажи-Юртан кIоштан полицин хьаькам ву хIинца оццу декъехь болхбеш хилла эпсар Чалаев Мурад. «Исхьакъа а, Мурада а доккха зеделларг IаIийна полицехь. Нажи-Юртан... Читать дальше...
Гуьмсан кIоштарчу Жалкхехь Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, цуьнан гергарнаш а беха куп гойтуш видео яржийна шен блогехула оппозиционеро Абдурахманов Тумсос. Дронца яьккхинчу видео чохь гуш ю гIопашца къевлина исбаьхьа хIусамаш, яккхий бошмаш. Блогеро дуьйцу Пачхьалкхан Думехь кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалояран а комитетан декъашхо а, цуьнан вежарий а, нана а, шичой-маьхчой а муха беха. Тумсос дийцарехь, «дукха нахана а санна, шена Кадыров Рамзанан цавезачу цуьнан гонерчу... Читать дальше...