ХIинжа-ГIаларчу «Вайн гIала» юкъараллин жигархоша гулам дIабаьхьина цигахь «шайтIан хIоз» (гIала гойтуш, нах чуховшабой, хьийза боккху хIоз) Iедало билла болочу ХIинжа-ГIаларчу Ленинского комсомолан бешахь. Дуьхьалонан Iалашо ю оцу меттера дитташ дIацадахийтар. Паркехь самукъаненна и хIоз хIотто луучарна дуьхьал гулвелларг вара ткъеха стаг. "Тхан гIалахь вуно кIезиг дисина жил-Iалам, дитташ ден деза аьтто боллу-болучохь, ца еза атракционаш а, совдегарийн туьканаш хIитто», - аьлла хета «Вайн гIала» боламан декъашхочунна Ибрагимова Мадинина. Читать дальше...
КадыровгIарна Оьрсийчоьнан турпалхойн цIе яларх лаьцна ша аьллачунна резавоцчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун претензешна комментари йина режиссера Сокуров Александра. «Дождь» («ДогIа») телеканалан журналисто хаьттира Сокуровга, хIун аьлла хета цунна Кадыровн реакцех, цо ша националист ву бахарх, аьлла. "ХIумма а ца хета, хIунда аьлча, со цуьнга луьйш вацара, иза ас президентца дина къамел дара», - жоп делира Сокуровс. Шена президентан реакци йовза лаьа, Кадыровна хетарг дац шена хаа луург, тIе а тухуш. Читать дальше...
БуьритIерачу Затеречный кIоштан прокуроран даржехь болх беш хилла ша кху муьрехь лаццалц Швецова Ольга. Амма иза хIинца изоляторе хьажийна, цо бахийтинчу наха 2012-чу шарахь Москварчу регионашна юкъарчу аьхчанекъан Талламан комитетан декъера талламча Леонов Александр верца доьзна. "Талламан верси иштта ю: 2012-чу шеран аьхка Москвахь зуламхойн тобан баьччица Гагиевца цхьаьна а кхетта, шен йишин майра хилла волу Леонов Александр, йиша цо йитарна, вен бартбина Швецовас», - хаамбо Оьрсийчоьнан талламан комитетан пресс-гIоьнчалло. Читать дальше...
Оьрсийчоьно дIавехна хилла вац Берлинехь вийна Хангошвили, Путина деношкахь ишта аьллехь а. Оцу хьокъехь цкъа ца деана Германе Москвара официалехь кехат, чIагIдо Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Маас Хайкос. ZDF телеканалехула къамелдинчу министра бахарехь, хIинца хала ду къасто, Хангошвили стенна бехкевеш хилла Оьрсийчоьно. Гуьржийчуьрчу Хангошвили Зеламхас тIом бина Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь 1999-чу и цул тIаьхьа даьхкинчу тIеман шерашкахь. Биъ бутт хьалха иза вийна Берлинехь. Читать дальше...