Нохчийчоьнан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалин юкъ хи доцуш йисина маситта денна, хаам бо Кавказ.Реалиино, шен корреспондентана тIе а тевжаш. Дийцарехь, кхоалгIа де ду цига хи далар ханна сацийна. МУП "Водоканал Грозного" урхалло шен Instagram-хь хаам бинера, ГIура-беттан 6-хь дуьйна дийнахь-бусий Соьлж-ГIалан Ленинан а, Заводан а кIошташкахь цхьаболчу урамашкахь хи хир дац аьлла. "Водоканало" хьехар динера, хьалххе эций хиза охьадиллахьара аьлла. Амма цхьацца урамашкарчу бахархоша дийцарехь, хи лекъна "Водоканало" дIахаийтар дале хьалха. Читать дальше...
Нохчийчоьнан прокуратуро таллам а бина, гIуда тоьхна дакхош долу бер дахчадо ша бохуш хьийзорна. Цунах лаьцна хаам бо прокуратуран сайта тIехь. Хьалхо республикан коьртачу прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис таллар тIедожийнера шен белхахошна, интернетехь яьржинчу видео тIехь цхьана зудчо лелориг. Цу тIехь гIеметта хIоьттина зуда ю жима бер "дахчош", "майра Iемар ву", "къонах хир ву" бохуш, комментареш а еш. Таллам бича гучудаьлла иза кхушара Лахьанан-беттан 2-чу дийнахь Веданан кIоштарчу МахкатIехь хилла хилар. Читать дальше...
Helios цIе йолчу немцойн нейрогастроэнтерологин клиникан лоьро Фрилинг Томаса дийцина, адаман чуьйраш хIаллакйечу сурсатех лаьцна. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, Focus Online сайтана тIе а тевжаш. Лоьро чIагIдарехь, еххачу хенахь кхача нийса цалелор бахаьана долуш ун даларан кхерам латта бо адамехь. Ткъа цо, шен агIор вуно еза цамгарш кхетийта мега. Фрилинга дийцарехь, адаман чуьйрийн мазийн пардо хIаллакдо рафинад олучу шекаро а, беттинчу кхачано а, шоколадо а, мармеладо а. Цо билгалдоккху и сурсташ... Читать дальше...
Ливехь шайн дрон чуяийтинарш Оьрсийчуьра тIеман йолах салти бу аьлла хета Пентагонна. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло, Африкерчу Iамеркан тIеман ницкъиййн буьйранчаллана тIе а тевжаш. ТIехь пилот воцу хIаваэхула лела аппарат яйра Iамеркан армин Ливин коьртачу гIалана Триполина гергахь кхушара Лахьанан-беттан 21-чу дийнахь. Iамеркан тIеман говзанчашна хетарехь, иза чуяийтина, Оьрсийчохь йинчу ракетийн комплексах пайда а оьцуш. Цунна урхалла деш хиллачух тера ду оьрсийн йолах салтий я... Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу экстремизмана духьало йон центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим а, цуьнан ваша Ахьмад а верна кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ хьакхалуш хила мега Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонах, язо URA.RU хаамийн агенталло. Хьахийнарг ду Iаткъаме ПолонкоевгIера тайпа. Церан векалш бу Оьрсийчоьнан Талламан комитето лецнарш. ГIуран-беттан 6-хь Оьрсийчоьнан талламан комитето дIакхайкхийра Москвахь совдегар, ГIалгIайчуьра схьаваьлла Полонкоев Хьасан лаьцна аьлла. Читать дальше...
ЦIеххьана цхьаъ хилла каде гIо-накъосталла оьшуш меттг нисбелча гIо деха леррина "112" номер юкъайоккхуш ю Нохчийчохь. Цу хьокъехь сацам бина меттигерчу Iедало, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Керла система болх бан йолалур ю Нохчийчохь кху ГIуран-беттан 26-хь дуьйна. "112" телефонан номерх пайда оьцучу нехан аьтто хир бу каден сервисийн белхахой кхайкха, цIеххьана дагахь доццург нислахь.
Гуьржийчоьнан махкахо Хангошвили Зелимха верна бехкевина Германехь лаьцна волу гIазакхий хилла хьалха Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) "Вымпел" цIе лелочу лерринчу тобанан декъашхо. Цул хьалха, хIинцале а хууш долу Москвара совдегар вер воцург, кхин а цхьа стаг вуьйш дакъалаьцна а хилла цо, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду, талламхошна Красиков Вадим санна вевзина волчу цу стагах лаьцна Bellingcat-о а, Der Spiegel-а а, Оьрсийчуьрчу The Insider сайто а бечу талламан 2-чу декъехь. Читать дальше...