Дерриг дуьненехула эзарнаш адамаша урамашкахь буьйсаяьккхина цӀа доцчу нахаца The World's Big Sleep Out акци дIахьош. Цу кепара цуьнан декъашхой сатесна бу чохь Iан хIусам йоцчу нахана гIо дан ахча гулдан аьтто хир бу шайн аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Би-би-си". Болчу хаамца, ши эзар гергга британхочо буьйсаяьккхина Лондонан урамашкахь. Цу тайппа сурт дара Нью-Йоркехь а, Манилехь а, Дублинехь а, Гонконгехь а. Иза вовшахтоьхначара дийцарехь, гIо-накъосталлан акци хилла 50 гIалахь.
Туризман сферехь Оьрсийчохь болх бечу уггар яккхийчерах йолчу Touristik Union International (TUI) немцойн компанино шен офис схьйоьллур ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Дийцарехь, Нохчийчуьрчу туризман министро Байтазиев Муслима цу хьокъехь барт бина TUI Group компанин Москох офисан махбаран директорца Наумова Ксенияца. Наумова Ксенияс дийцина министре TUI шоръяла планаш хиларх лаьцна, Къилбаседа Кавказехь керла офисаш а йохкуш. Царна юкъахь ю Соьлж-ГIалара офис а, яздо "Нохчийчоь тахзана" агенталло.
Москох кхело шина баттана чувоьллина Полонкоев Хьасан. Талламан комитето иза куьйгалхо лоруш ву ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим верна бехке лоручу тобанан. Цунах лаьцна хаам бина "Интефакс" агенталло. Полонкоевга бехк кховдийна низамаш лардон органийн белхахо вен гӀортарна а, бакъо а йоцуш герз лелорна а. Кхело иштта чуволла сацам бира цуьнан вешин кIант а. Талламхочуун дехарца кхелан кхеташо хилла къевлинчу рожехь.
Польшерчу кхело сацам бина Данехь нохчийн доьзалера дIадохуш хилла Оьрсийчуьра 5 бер деца а, а, ненаца а дита, дийцина журналисташка цу махкарчу адвокато Ханзадян Бабкена, хаам бо РИА Новости агенталло. Адвокато дийцарехь, нохчийн доьзал дуккха а шераш хилла Данехь бехаш а, болх беш а болу. Адзиева Залинас а, цуьнан хIусамдас Домбаев Артура а кхиош хилла цу махкахь 5 бер. 2017-чу шарахь цу шинан дов даьлла хилла. Нанас кехат чуделла ша а, шен хIусамда а дIасакъаьсташ хиларх лаьцна. Кхушара... Читать дальше...
Германин тIеман министро Крамп-Карренбауэр Агнеттас дIахьедар дина, Берлинехь Хангошвили Зелимха вер бахьана долуш Оьрсийчоьнна дуьхьал керла гIулчаш яха еза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо РБК агенталло, Крамп-Карренбауэра Bild am Sonntag газетана еллачу интервьюна тIе а тевжаш. Иштта, тIеман министр тIера ца йолу Кремлана духьал кхин а дуьхьалбаккхамаш юкъабаха беза бохучун, нохчийн тIемало Берлинехь варна Оьрсийчоьнан Iедалш декъа хиларна. "Федералан Iедалан тIегIантIехь тхо дагадевра ду... Читать дальше...