Туркоьйчоьнан президенто Эрдоган Реджепа гайтина журналисташна шайн махкахь йина хьалхара къоман автомашен. Иза ю тоькаца лела TOGG цIе йолу кроссовер. Иза юхкуш хир ю шина тайпана, моторан ницкъ а, моторийн терахье хьаьжжина. Аvtonovostidnya.ru сайто дийцарехь, 200-ницкъ болу мотор йолчу машено 100 километр соьхьтехь сихалла оьцур ю 7,6 секундехь. Ткъа 400-ницкъ болу машено изза сихалла оьцур ю 4,8 секундехь. Шина версин машенаш цкъа ток схьаэцча некъ бан аьтто хир бу 500 гергга километр. Читать дальше...
Украинин Лаккхарчу Радан 8 депутато кхеле дIахецар дехна 33 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Илаев Амхьад. Цунна экстрадици яр доьхуш ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии корреспонденте хаам бина нохчочун адвокато Ангелин Ивана. Адвокато дийцарехь, депутаташа доьху Илаевн гIуллакхах йист яллалц цуьнан лаьцна латторан кеп хийцар. Оьрсийчоьно Илаев бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна. Цуьнан адвокаташа чIагIдо и зулам деш иза республикехь ца хилла бохуш. Илаев а, цуьнан жимаха... Читать дальше...
Украинин цхьамогIа гIаланашкахь кху тIаьхьарчу деношкахь лаьцначуьра араваьккхина 10 сов стаг. Дийцарехь, уьш бу Оьрсийчоьно гIортор ечу Донбассерчу сепаратисташца хуьйцур болчу нехан тептаршна тIехь, хаам бо Маршо Радион Украинин сервисо. Лецна а, йийсарехь болу а нах хуьйцур бу аьлла барт бира кху беттан 9-чу дийнахь Парижехь "нормандин форматехь" хиллачу цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнан а, Украинин а, Францин а, Германин а лидерша. ТIаьххьара болчу хаамашца, иза хир ду ГIура-беттан 29-хь. Читать дальше...
Forbes журналан версица тIаьхьарчу 10 шарахь уггар дукха ахча даьккхина боксан дуьненан чемпион хиллачу Мейвезер Флойда. 2010 – 2019 шерашкахь американцо даьккхина 915 миллион доллар. Цу ахчанах ах сов гонорар ю филиппинхочуьнца Пакьяо Мэнница а, ирландохочуьнца Макгрегор Конорца а латарна цунна елла. ШолгIа а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна футболхоша: Роналду Криштианус ("Ювентус") даьккхина 800 миллион доллар, ткъа Месcи Лионела ("Барселона") – 750 миллион доллар. Forbes-ан версица 10... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Варшавера векал Андреев Сергей пIераскан дийнахь тIекхайкхинера Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралле ШолгIа дуьненан тIом болабаларан контекстехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дина дIахьедарш бахьана долуш. Польшин арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Пжидач Марчина билгалдаьккхина шайн пачхьалкхан куьйгалло вуно реза цахилар хаийтина Путинан а, кхин болчу оьрсийн куьйгалхойн а "историн харцонашна". Цо дийцарехь, Путина тIаьххьара дийцинарг ду Сталинан хенара мотт лелор а... Читать дальше...
Цхьаьнатоьхначу Штаташа варе йина Балтийн хIорда бухула "Северный поток-2" газан биргIа юьллуш йолу компанеш, тIедогIучу шеран Дечкен-беттан 20-гIа де тIекхаччалц цера хан ю аьлла, цигара болх сацо. Цул тIаьхьа биргIа юьллуш белхаш бечу компанешна дуьхьал санкцеш кхайкхо мегаш ю Америко, дукха хан йоцуш тIеэцначу низамца а догIуш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан сайта тIехь пIераскан дийнахь арахецначу энергетикан ресурсийн Бюрон дIахьедарехь. Американ низамца а догIуш... Читать дальше...
Нохчийчоьнца доза нийса ца къастийна, бохуш Магасехь митингаш вовшахтоьхначерах волчу Мальсагов Мусана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна экстремистийн юкъарло кхолларна. Цунах лаьцна Фейсбукерчу шен агIонехь яздина цуьнан адвокато Беков Магомеда. Адвокато дийцарехь, цуьнца зIене ваьллачу талламхочо хаам бина, жигархо Владикавказерчу талламан изоляторе дехьаваьккхина хиларх лаьцна. Кхушеран Оханан-баттахь (апрель) ГIалгIайчохь лецира, 10 де-буьйса набахтехь а даьккхина, араволу гIалгIайн кхо жигархо - Барахоев Ахмед а... Читать дальше...