2019-гIа шо доладелчхьана Оьрсийчохь 7,5% дазделла экономкласс олу кеман билеташ. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсант" газето. Болчу хаамца кеманца д1асавахаран мах 2019-чу шеран шина баттахь хьалабалар кхузза сиха хуьлуш ду 2018-чу динна шарахь хиллачул а. Цхьа бутт хьалха Biletix авиабилеташ духкучу сервисо хаам бира, Оьрсийчоьнан кеманийн чоьхьарчу рейсийн мехаш хьалабевлла 17%, ткъа махкал арахьарчу - 23% аьлла. Уггаре чIогIа дазделла Москвара Симферополе лелачу кеманан билеташ - 78%. ХIинца билетан мах бу 7 эзар гергга сом. Читать дальше...
Москох, ши адам а дуьйш, некъахьовзамна юкъанисвелла 29 шо долу Джамбеков Муслим ша каравахана полицна. Цунах лаьцна хаам бина Кадыров Рамзана. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бинера Джамбековга "тайпан сий ца дойуш", полисхошна тIегIо аьлла. Кадыровс дийцарехь, иза шена хиинчул тIаьхьа сихха полице вахана Джамбеков. Соьлж-ГIалин юккъехь дIа а хIоьттина видеокхайкхам бина жимачу стага. Ша вуно халахетта ву хилларг бахьана долуш, боху цо, муьлхха а таIзар тIеэца ша кийча хилар а хоуьйтуш. Читать дальше...
Адвоката Гончарова Верас дуьйцу ша юридикан Iуналле эцначу наханна тIехь Iедало латточу Iазапах лаьцна "Чохь йоллу Русь" юкъараллерчу адвокатна Гончарова Верина тергонехь латто дукха хьолехь кхочу набахтешкахь бохку кавказхой. "Кавказ.Реалиина"ша еллачу интервьюхь цо дуьйцу, набахтешкахь хан такха массарначул а хала стенна ду кавказхошна. – Вера, Оьрсийчоьнан набахтешкахь кавказхошца къиза хьийза хьаькамаш олий хеза кест-кеста. Иза эладита ду, я бакъдерг ду? – Оьрсийчоьнан набахтеша нохчашца... Читать дальше...
Екатеринбургерчу Свердловн кIоштан кхело сацам бина меттигера криминалан гонашкахь дош лелаш хилла Арутюнян Ашот верна бехкевечу Хасаев Мовсаран гIуллакхехула дов листийта бехккъасторхошка, хаам бо «ФедералПресс" зорбанан гIирсо. Цу тайпа дехар дина суьде бехкевечо. Хасаевн гIуллакх шен тергонехь латтош бу нохчийн диаспоран векалш. Цара кехаташ яздинера Оьрсийчоьнан президенте а, ницкъаллин структурийн куьйгалхошка а, Хасаевн алиби хилар а дуьйцуш. Ведана кIоштарчу вахархочунна тIехIоьттина Нохчийчоьнан... Читать дальше...
Мохк бегийна Нохчийчохь, 3,7 магнитуда (ницкъан гайтам) а йолуш. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Iилманан академин юкъарчу гIуллакхо. Говзанчаша дийцарехь, Iалам меттахдалар хилла пIераскан дийнахь 1 сахьт 49 минот яьлча Веданна 13 километр гергахь 10 километр кIоргенехь. Вийна а, лазийна а стаг ву я кхин бохам хилла аьлла, хаам кхаьчна бац.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина Москох, ши адам а дуьйш, некъахьовзамна юкъанисвеллачу стаге, "тайпан сий а ца дойуш", полисхошна тIегIо аьлла. Дийцарехь, адамаш кхалхарна бехке веш ву Нохчийчуьра вахархо Джамбеков Муслим. Кадыровс бинчу хаамца, цо омра делла ницкъаллин структурийн белхахошна и стаг схьалаха аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдоккху, берриг а республикерчу бахархоша санна ша а емал деш хилар, некъахьовзам хиллачу меттера къайлаваьллачу стага динарг. Бохам хилла кху беттан 24-чохь. Читать дальше...