"Кавказский узел" агенталлан зерашца, тIаьххьарчу кIиранчохь Къилбаседа Кавказехь герзаш детташ иккхинчу конфликтехь вийна кхо стаг. Байинарш ГIебарта-Балкхаройчуьрчу гIаттамхойн могIаршкахь хилла бу. Контртерроран раж дIакхайкхийра байначу беттан 27-чохь Нальчикехь. Цигарчу цхьана цIа чохь хIаллаквийра ву боху кхо тIемало. ТIаьхьо Iораехира церан цIераш а: Кошев Артур, Гурижев Аслангирей, Тауков Iамир. Полисхойн версица, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъахь хиллера уьш.
Нохчийчуьрчу зорбан министран Умаров Джамбулатан видеоблогерца Абдурахманов Тумсоца хиллачу дискуссех вистхилла Оьрсийчоьнан журналист Шевченко Максим. Видеокхайкхам бина цо, Нохчийчохь хиллачу тIемах факташ ялош. Кадыров Ахьмадах а, цо джихIадах дийцинчу къамелех а Тумсос дина дIахьедарш тергоне а эцна, нохчийн къам ца деза нах санна гайтина ша блогеро аьлла журналисто. "Гина делара хьуна, хIетахь пачхьалкхехь хилларг: Iена цIий, лело къематаш, бойу нах. Советан заманахь полковникийн даржехь хиллачу Дудаевна а... Читать дальше...
"Сова" Центро теллина, стохка маса стаг озийна эсктремизм бахьанехь кхеле, мел харц ю пачхьалкх нах оцу зуламна бехкебарца. Иштта Пачхьалкхан Думано низамаш хийцарца бух биллина экстремизм толлуш кхелаша кхидIа бен болчу белхан, билгалдоккху талламан авторо Кравченко Марияс.
Орцан министраллан пиротехникан зерашца, Гуьмсан, Куьршалан, Хьалха-Мартанан кIошташкахь авиацин кхо бомба зеназа йина. Дийцарехь 20 шарахь лаьтта бухахь Iиллина и лоьлхуьйтурш. Меттигерчу бахархошна хааеллера уьш. Ростов гIалара говзанчаш а кхайкхина, территореш дIацIанъеш белхаш бира. Полигоне дIа а яьхьна, хIаллакйина яьхна бомбанаш. Товбеца-баттахь а даьккхира Нохчийчохь иттех шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина герз. ГIаттамхойн тобанаша куп тоьхна хиллачу меттигашкахь талламаш бечу хенахь махкарчу... Читать дальше...
Дагестанехь гIоьналлин фондаша ахчанаш гулдина Цумадинан кIоштарчу Тисси-Ахитлехь цIенош даьгначарна. Доккхачу декъанна, "Инсан" фондо шина дийнахь кхо миллион гергга ахча вовшахтуьйхира, ткъа "Надежда" фондо – цхьа миллион сом. Ишта кIошташкахь а, гIаланашкахь а гулйина бахархошна лерина бедарш а, ахча а, кхачан сурсаташ а. "Кавказ.Реалиин" информацица, Дербентехь гулдина 440 эзар сом а, кхаа кир лелочу машенашкахь юург-мерг а. Каспийскехь а, Буйнакскехь а лахьийна 600 эзар сом. Нохчийчоьнан... Читать дальше...
Инстаграмерчу шен аккаунтехь баркалла аьлла латархочо Нурмагомедов Хьабиба Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, Дагестанерчу Тисси-Ахитли эвлахь хIусамаш яьгначарна ахчанца гIо кхачорна. Дуьххьара дац аьлла, чемпионо, Кадыровс Дагестанна гIо деш. "Дала вахавойла хьо, массо а хIуман тIехь аьтто а беш", яздина Кадыровга Нурмагомедовс. Шина къомана юкъахь вежараллин юкъаметтигаш чIагIъярхьама хIораммо а мехала гIуллакхаш лело деза аьлла латархочо. Беттан 1-чу дийнахь суьйранца хаам хилира... Читать дальше...
Лерина зударий дIасалелош таксиш хир ю Нохчийчохь аьлла, яздо "Коммерсанто". Машенийн урхалла дийраш а хир бу зударий. Республикехь болх бечу Iарбойн инвестицин шейхан Зайедан фондо хаамбарца, "Мехкарий" аьлла, цIе лелор ю таксхойн фирмано. "Дине а, ламасташка а диллича, Iаламат бIегIийла ду зударшна лерина таксиш хилар. Таксийн урхалла деш а зударий хир бу. Фондан кредитан комитето хIинцале а къобалйина проект", - яздо инстаграмерчу фондан агIон тIехь. "Керланаш" хаамийн гIирсо билгалдаккхарехь... Читать дальше...