Крайстчерчан маьждигашкахь теракташ хиллачул тIаьхьа Керлачу Зеландин бахархоша дIахьош акци ю, шаьш бусулбачех дог лозуш дуй дIахаийтархьама. Пачхьалкхерчу бахархошна тIедиллина коьрта йовлах, йа хьиджаб тилла, яздо пIераскандийнахь Kurier газетано. (#headscarfforharmony) аьлла, хештег а хIоттош, йолийначу инициативан цIе ю "Платок ради гармонии". "Йоллу Керла Зеланди кхойкху оха кху акцехь дакъалаца, хIара тезет юкъара дуй дIахаийта", - аьлла акцин организаторо Ашман Тайяс. Хиллачу терактехь белларш дIабухкучу дийнахь полисхой а... Читать дальше...
Билалов МаIаз Кхетам хийцабелира бакъоларъярхочун, шен къийсамо иза кхачийра ДАIИШ-е Ша агIолаьцначаьргахьа луьра къовсарца гоьяьлла бакъоларъярхо яра дIадахначу шерашкахь Рустамова Гульнара. ДАIИШ-ан тIаьххьарчу гIопехь – Бахгуз гIалахь – кхелхина иза еарийдийнахь. "Кавказ.Реалиин" болчу хаамца, зударий а, бераш а чугулдинчу меттехь хилла иза. Хьостано дийцарехь, тIеман тохар шаьш дале, зударшна берашца цхьаьна шайн карабахкар тIедожийна эскарша. "Царна дийнахь а, буса а герзаш тIедиттина. Читать дальше...
ТховкIело еха Германи веанчу Нохчийчуьрчу вахархочо ша гIо дийр ду аьлла нохчийн парламентан спикерна Даудов Мохьмадна блогер Абдурахманов Тумсо схьалохуш. Ша блогеро бина и хаам еаридийнахь, яздо "Кавказский узел" агенталло. Маршо Радионо ма-яздарра, кху беттан 9-чохь спикерна а, блогерна а юкъахь хиллачу ойлайн-дискуссехь, Даудовс чIир кхайкхийра Абдурахмановна, цо Кадыров Ахьмад аьшнашварна. Ткъа Инстаграмехь Даудов Мохьмада дIахьочу эфирехь Германехь вехачу цхьана мухIажиро ша гIо дийр ду аьлла парламентан спикерна блогерна бекхам барехь.
Керлачу Зеландерчу Крайстчерч гIалахь тIелатар динчу шина маьждигах цхьанна чохь нисбеллачех ву Ризви Ашир. Вийна оцу терроран тохаршкахь 50 стаг, лазийна иттаннаш. Ризвис дуьйцу, ша муха висира дийна, шена стенна ца могура хIинццалц шен нанна ша оцу дийнахь рузбанехь хиллийла хаийта.
Дубровина Екатеринас дуьйцу, муха гIиттадо республикехь" наркотикашца доьзна девнаш", уьш хьан кхуллу Деношкахь Шелахь йирзина бакъоларъярхочунна Титиев Оюбна еш хилла кхел. Набахтехь даккха 4 шо кхайкхийна цунна, 200 грамм кIомал яьккхина цуьнгара, аьлла. Цунна тIехьарчийна 228-гIа артикл, 2-гIа дакъа - иза Нохчийчохь хьаннах а лата торуш, гоьдаьлла девза таIзар ду. Муха "тIеухку" наркотикаш, таIзардархошна дуьхьал муха латталур ву, дуьйцу Титиевн авдовата Дубровина Маринас. - Дукха гIиттадой... Читать дальше...
Афинерчу оьрсийн векалтан гIишлонна тIе оьккхуьйтург ластийна пIераскан сатосучу хенахь муьлш бу ца хуучу наха. Бомба иккхина, амма лазийна стаг вац. Желтойн полицин антитерроран декъо талла долийна гIуллакх аьлла бу "Нафтемпорики" газетан хаам. Хьостано дийцарехь, меттигерчу хенаца Iуьйранна 4 сахьт долучу хенахь мотоцикл тIехь герга веанчу шиммо векалтан хадархойн буткина тIекхоьсина хилла граната. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хилла цу шиннан. Цхьан хан яьллачу заманчохь полицина карийна цIе тесна ягийна мотоцикл Афинехь. Читать дальше...
Меттигерчу 29 шо долчу Дагаевна тIехь йолийна кхел йирзина аьлла, хааме даьккхина пIераскандийнахь Нохчийчуьрчу ФСБ-н пресс-гIуллакхоша. Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна гIо латтийна ву аьлла, бехк тIе а чIагIбина, ши шой, ялх буттий хан кхайкхийна жимчу стагна набахтехь яккха. Карладоккху, стохка Iай Грозненск кIоштан кхело пхеа шарна набахте хьажийра кхи цхьа вахархо. Полисхойн версица, 2012-чу шарера схьа дуьйнна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хиллачу гIаттамхошца уьйрашкахь хиллера иза.
1969-гIа шо, Зазадоккху-бутт, Стокгольм. Ша тIехь «Шийлачу тIеман» къовсам бу дIабоьдуш. Советан Iедалан эскарш Чехословаки чугIоьртинчул тIаьхьа ворхI бутт баьлча, оцу пачхьалкхийн вовшахтоьхна командаш цхьанакхийтира хоккейн дуьненаюкъара чемпионатехь.