Блогерна Абдурахманов Тумсона дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх дIакъовларх Инстаграмерчу онлайн-эфирехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада хаамбира, бинчу сацамах документ а гойтуш. Блогеро талламчашкара шега кехат- тоьшалла кхаьчна дац аьлла оцу хьокъехь. Маршо Радионо яздира, масех телеграм-канало, шайлахь "CHECHNYA" а, "Спросите у Расула" а йолуш, зорбане даккхарх, талламчас Арсакаевс куьйгъяздина кехат аьлла. Цу тIехь яздора, блогер Абдурахманов Тумсо Шемахь тIеман дакъошца хиларх объективе тоьшаллаш дац... Читать дальше...
Мел лахара а 13 стаг вийна, 7 чевнаш йина Мексикан Гуанахуато штатехь буьйсанна сумукъадоккхучу клубехь герзаш диттина аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло. Шоьтан сатосучу заманчохь La Playa Men’s Club-ан баре кхаа машенахь баьхкина нах чулилхинера, герзаш а детташ. Кху деношкахь Мексикан президенто Андреас Мануэл Лопес Обрадора дIакхайкхийра, меттигерчу зуламхойн "Эль Маро" цIе йолчу тобан хьалханча лоцуш ,полисхоша операци йолийна аьлла. Официалан зерашца, Гуанахуато штатехь мехкадаьтта... Читать дальше...
Йочана бахьана долуш Iамеркарчу Техас, Арканзас штаташкахь тоьках хаьдда 23 эзар сов вахархо, NBC телеканалан информацица. Къоман метеорологин хьукматан дIахьедарца, цхьайолчу меттигашкахь торнадо а иккхина, нуьцкъала мехаш хьоькхура. Масех стаг лазийна, ишта йохийна гIишлош а. Ерриг а 12 штатах хьакхаелла йочана. Карладоккху, дахначу кIиранах Iамеркан Алабаман штатан Iедалша дIакхайкхийра торнадо бахьана долуш 14 стаг велла аьлла. Ишта торнадо ю аьлла, хаамбира Джорджия штатера а. 10 эзар гергга вахархо дIахаьддера цигахь тоьках. Читать дальше...
Москварчу аэропорташкахь юкъахъяьккина 4 рейс, дIатеттина 13 вьлла бу "Яндекс.Расписание" сервисан хаам. Домодедовохь диъ кема ца гIаттаделла тахана рейс юкъахъяьлла, иштта сацийна лаьтташ ду пхи кема. Внуковохь а, Шереметьевохь а сацийна 8 кема. Шоьтадийнахь Москван аэропорташкахь 40 сов рейсаш дIатеттира цхьана ханна йочана бахьана долуш. КIирандийнахь а юкъ-юкъара мехаш хьоькхуш хир бу хенан хIоттам аьлла бу Гидрометцентран хаамаш.
Нохчийчоьнан Солжа-гIалахь сэлфи ечу хенахь 9-чу гIат тIера чуйоьжна, 16 шо долу йоI елла аьлла, хаам баьржина социалан машанашкахь. Микрорайонерчу Тухачевскийн урамехь 9-зза тIекIалдинчу цIийнан гIат тIерачу балкон тIехь шен селфи ечу заманчохь, чуйоьжна и йоI. Лоьрийн иза кIелхьараяккха аьтто ца хилла, болчу хаамашца, оцу сохьта кхелхина иза. Стохка Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан прокуратуро хаамбира, Соьлжа-ГIаларчу тоннель буьххьехь шен мобилан телефонца селфи ян гIоьртинчу 13 шо долчу йоьIан, чу а йоьжна, букъдаьIахк кагйелла аьлла. Читать дальше...
Великобританин МИ-5 иччархойн урхалло шайн пачхьалкхе вар дихкина Масхадов Асланан хиллачу хадархочунна Сугаипов Iумарна. Иза бехкево, Европехь масех стаг верна. The Times хьостано бо и хаам, стохка аьхка, Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а дIавш делла 5 бутт баьллачул тIаьхьа цо и зуламаш дина хилар билгал а доккхуш. Оцу хиламийн уьйраш хиларх дуьйцуш дац хьостано. Шайн пачхьалкхна кхерам бу цуьнгара аьлла, дихкина Сугаиповна Великобритани ван. Нохчийчохь премьер-министр лаьттина Закаев Ахьмад вен Iалашо хилла Сугаиповн аьлла... Читать дальше...