Орсийчоьнан президенте Путин Владимире хиллачу тешаман рейтинг лахъелла 32 проценте. Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан зераш ду уьш. Дечкен-баттахь дуьйна тергам хиллера экспертийн, президенте болчу тешаман рейтинг охьайоьдуш хиларан: хIетахь 32, 7% гойтура. "Общественное мнение" фондан талламашца, Дечкен-баттахь Iораяьккхинчу информацица, Iедалхоша лелочунна тIаьххьарчу баттахь "оьгIазло, я резабацар" гIаттийнера 54 процент респонденташлахь. Рейтинг охьаялар... Читать дальше...
Бехкаш тIера а даьхна, катоьхна набахтера араваккха веза оьрсийн Iедалхоша Соьлжа-ГIаларчу "Меморилан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб аьлла, дIахьедар дина ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан эксперташа. Маршо Радионо ма-яздарра, байначу беттан 21-чохь дирзи Титиевн довхаттар. Карара бут чекхбалале кхелахоша дIакхайкхор бу шаьш бакъонашларъярхочун хьокъехь бина сацам. "Тхо саготта ду политикан бух тIехь иза лацарна. Цо беш болчу бакъонашларъяран белхаца доьзна ду цуьнан лацар", - аьлла... Читать дальше...
Байначу беттан 21-чу дийнахь Волгоградехь кхаа бераца яйна зуда лоьху Соьлжа-ГIалахь. "ВолгоСпас" тобанерчу волонтерийн хаамна тIе а тевжаш, "Городские вести" гIирсо яздо, 38 шо долу Серикова Ольга шен 7 , 10, 11 шераш долчу берашца цхьаьна араяьлла, цхьанна а ша йоьду меттиг а хоуьйтуш аьлла. Йолчу информацица, Соьлжа-ГIалахь ю и зуда. Зудчун аматаш а, йовза тарлучу билгалонех а хаамаш а беш, иза тусаеллачуьнга шайга хаийтар доьху Волгоградан кIоштарчу волонтераша а, полисхоша а. Телефон: 8-905-397-94-56.
Ставрополан кIоштахь некъан низамаш талхорна дIалаьцначу маьршачу кепехь латахочуьнгара Емельяненко Александрера машен лелоран бакъо дIаяьккхина Кисловодскерчу кхелахоша. 30 эзар сом гIуда а хьарчош, 1,5 шарна машенна урхалла дар дихкина цунна. Маршо Радионо яздира, некъан низамаш дохийна, Кисловодскехь къайлавала гIоьртича полисхоша дIалаьцначу ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра кхеле дехар дина хиларх, гIуда а тохий, ша маьршаваккха аьлла. Кхелехь мукIарло дина хиллера спортхочо, къаьркъа а мелла... Читать дальше...
Меттигерчу бакъонашларъярхоша ИК-3 изолятор чохь латточу Нохчийчуьрчу вахархочунна Эдигов Сулиманна еттарх шайга хаийтинчул тIаьхьа комментари йитина Иркутск кIоштан Талламан комитето. "Аш хьалхатеттина хеттарш кхочушдан компетенте яц Оьрсийчоьнан Талламан комитет", - аьлла ду урхаллера даийтина жоп. Иркутскерчу Юкъараллан тергамчийн комиссин декъахочо Глущенко Павела тамаша ца бина талламчийн жоьпах. "Цецволийла дац Талламан комитетна болх бан лууш цахиларх. Тхан регионехь набахтешкахь Iазапаш а... Читать дальше...
Тахана 14 шо кхечи 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна. 2005-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 8-чу дийнахь «Интерфакс» агенталле бира и хаам Регионерчу штабан (РОШ) Къилбаседа Кавказехь терроран операцин урхалла дечу векало Шабалкин Ильяс. «Ас тоьшалла до Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь» аьлла бара Шабалкинан хаам. Масхадов Аслан вина 1951-чу шарахь Казахстанерчу Карагандинскан кIоштахь. Читать дальше...
Къам махках даьккхина де дагалоьцу пIераскандийнахь Налчикехь. 1944-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 8-чу дийнахь кечамбан 2 сахьт хан а елла, балкхаройн къам дара нохчашна тIаьххье Казазхстанан а, ГIиргIазойчоьнан а кIошташка дIакхачийра. Депортацех ца велира цхьа а: тIеман декъашхой, заьIапхой, тIамехь дакъалоцучийн дай-наной, зударий, доьзал, массо а локхаллин Советан депутаташ, партийн куьйгалхой. Верриг махках ваьккхинарг ву 377 103 стаг.
"Голос Америки" хьостано хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iарбойн пачхьалкхашкахь латточу активашна тIаьхьабовла дагахь бу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. Конгрессан векалийн Палатан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитето еаридийнахь тIечIагIйина, Оьрсийчоьнан оппозиционер хилла Немцов Борис верах жоьпалла тIедожочу резолюцин проект. Цу тIехь тIедожийна Iарбойн пачхьалкхашкахь Кадыровс латтон активаш схьалалахар. Нью-Джерсин цIарах конгрессхочо-демократа Малиновский Тома хьехарца... Читать дальше...