Террорхойн Аль-Шабаб тобанхоша тIелатар дина Сомалерчу Могадишорчу къинхьегаман министраллан гIишлона шоьтадийнахь. Герзаш диттина вийна мел лахара а 15 стаг, ву цаьрца урхаллан министран гIовс а. 20 гергга стагна чевнаш йина. Reuters агенталло бина и хаам. Машенахь герга а веана, тIелатар дечо эккхийтина хилла автомобил, цул тIаьхьа герзашца министраллан гIишло чу чулилхина зуламхой. Шоьтаде-белхан де ду Сомалехь. Аль-Шабаб тоба йоцург а, тIелатар шена тIелаьцна дуьненаюкъарчу террорхойн Аль-Каидас а. Читать дальше...
Норвегин малхбузерчу хIордан йистехь 1300 гергга адамна эвакуаци еш ю хикемана бохам баьлла, хаамбо ВВС хьостано. Меттигерчу Iедалхойн информацица, Viking Sky олу кема доьхна хи тIехь, цу лайнер чуьра адам хи йисте дехьадоккхуш ду. Эвакуаци еш ду пхи кема а, масех хIордкема а. КIелхьарбаьхнарш лаьтта тIерачу спорткомплексехь дIатарбеш бу. Цкъачунна верриг а дехьаваьккхинарг ву 260 стаг аьлла, хьалхо хаабира шведийн Aftonbladet хьостано. Ставангеран портера Тромсе доьдуш хилла лайнер. Кема доьхна... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире оьрсийн паспорт дехна Уругвайн актрисас, йишлакхархочо Орейро Натальяс. "Говорит Москва" радиостанцино хаамбарца, "Вечерний Ургант" телешоун йоьдучу эфирехь бина Орейрос президенте кхайкхам. Ша 15-зза хилла Оьрсийчохь, цундела кху пачхьалкхан яхархо хила хьакъ хета шена ша аьлла актрисас. Ишта цо чIагIо йина, 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт эцначу францхойн актер волчу Депардье Жерарар а "тIехсов оьрси" хир ю ша аьлла. Францера актерана Депардье Жерарна оьрсийн паспорт дала бакъо луш... Читать дальше...
Нохчийчоьнан вахархочунна Махашев Тимурна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь талламаш бирзи, Лакхарчу кхелана тIетайна республикера прокуратура а. 25 шо долу Махашев кхеле хIоттийнера, стохка бIаьста "Лада Калина" машенан долахочунна тIелатар дарна, цуьнгара автомобил схьа а йоккхуш. Соьлжа-ГIаларчу Ашхабадан урамехь машенан долахочунна-зудчунна 19 урс диттина хилла цо, талламчийн версица. Цул тIаьхьа цуьнан дакъа Сунжи чу кхоьсинера. Йийначуьнгара схьаяьккхинчу машенан а, телефонан а мах бу 133 эзар сом. Читать дальше...