Спортхо Емельяненко Алексанар кхераме ву адамашна, цо ладугIуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бен кхин цхьа а стаг вац, цундела Кадыров Рамзана дIавига веза иза Соьлж-ГIаларчу клубе, цигахь иза сацо, аьлла дIахьедар дина ММА латархочо Харитонов Сергейс. "Суна хаьа Емельяненко Александара юха цхьаъ диний. Некъаовзам хилла цо дакъалоцуш. Ас хьалха а аьллера, хIинца а боху, бохур а ду: и стаг кхераме ву юкъараллана", - боху Харитоновс шен Instagram-чу кхайкхамехь. Зазадоккху-беттан 1-чохь Кисловодскехь... Читать дальше...
Австрера мухIажарш махкара арабахарна дуьхьал акци дIаяьхьнарг яра "Asyl in Not" адамийн бакъонаш ларйон вовшахтохаралла.
Оьрсийчоьнан бахархошна Iамеркан визанан мах охьабаьккхина Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Масийттазза доза хадо бакъо лучу визанан мах лахбина 143 долларна. Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь дуьйна цуьнах доккхур ду 160 доллар. Иштта яйлур ю Iамеркахошна Оьрсийчоьнан виза а (карарчу хенахь масийттаза доза ходон визан мах бу 270 доллар). Цул сов шина пачхьалкхо барт бина, визанаш аьтто белахь хIоразза а 3 шаранна яла.
UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба шен тидам тIебайхийтина цу вовшахтохараллан куьйгалхочо Уайт Дэйнас UFC 235 турнир кхайкхош яьккхинчу видеонна. "Дика анонс ю. Дэйна, хьо UFC-но дIаваьккхича, суна хетарехь, хьуна вуно дика болх лур бу телевизионехь", - яздина спортхочо шен Twitter-чу агIонехь, хаам бо Vestikavkaza сайто.
Гуьржийчоьнна а, Украинина а юкъахь барт болх бан болабелла, шина пачхьалкхан махкахой вовшийн хьошалгIа боьлхуш виза дIайоккхуш. И документ тIеэцнера стохка ГIадужу-баттахь. ХIинца дуьйна дIа Гуьржийчоьнан а, Украинин а махкахой бакъо ю цу шина пачхьалкхе дIасабоьлхуш чоьхьарчу паспортах пайда эца. Гуьржийчохь цхьана дийнахь аьтто бу леррина чип йолуш долахочух хаамаш тIехь болу ID олу карта даккхийна. Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало хаам бина, шина пачхьалкхо виза дIайоккхуш бина барт тоьшалла ду Украинин а... Читать дальше...
Маск Илонан доларчу компанино исторехь дуьххьара космосе дахийтина тIехь адамаш хир долу Dragon цIе йолу космосан кема. Dragon-2 кеманна тIехь Дуьненаюкъарчу космосан станце йоьдуш ю тайниг (манекен). Цуьнан цIе ю Рипли. Иштта цIе яра космосах лаьцначу "Aliens" (Хийранаш) филман турпалхо йолчу зудчуьн. Dragon-2 кемано Дуьненаюкъарчу космосан станце кхачор бу 180 кила йозалла йолу гIирс. Амма уггар хьалхара Iалашо ю кеман аьттонаш зер. Dragon-2 чуьрча манекенан скафандран тIехь леррина аппаратура ю дIахIоттина... Читать дальше...
Нохчичоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, Гергарчу малхбалехь лачкъийна Дагестанера яхархочуьнан бер кIелхьардаьккхина аьлла, хаам бо РИА Новости агенталло. Цо дийцарехь, Ибрагимова Нурьянас (беран нанас) дехар дина хилла цуьнга, шен кIант лачкъийначул тIаьхьа. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, кIант карийна, иза дIакхачийна кхерамазалла йолчу метте Гергарчу Малхбалерчу цхьана пачхьалкхехь. Кадыровс дийцарехь, кехаташца доьзна хаттарш дIанисдан а, Оьрсийчу кIант схьавало а цига воьдуш ву цуьнан векал... Читать дальше...
Чиллан-беттан 28-чохь Telegram-рчу цхьана нохчийн каналехь араяьлла, шегара къамелехь гIалат а долуьйтуш, йиш лакхархочо Межиева Маккас дакъалоцу видео. Каналан авторша забар йина цуьнан "дешна" хиларна тIехула. Иза бахьана долуш, Межиевана тIехIоьттина республикан къаьмнийн политикехула министр волу Умаров Джамболат, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. "Макка, хьо еза нохчийн халкъан 99,9 процентана. Йисинчу 0,1 процентана юкъахь болу дIакъаьстинарш хьо дeшна йоцуш санна гайта гIерташ бу… Хьо тхуна еза... Читать дальше...