Керлачу Зеландин уггар лакхара бусалба полицин эпсар Оклендехь митингехь йистхуьлуш, бIаьргех хиш а девлла, йилхина Крайстчерчехь шина маьждигана тIелатар дина нах байар хьахош, хаам бо Малхбузерчу цхьамогIа зорбанан гIирсаша. Керлачу Зеландин полицин суперинтендант йолчу Хьассан Наиляс гулбеллачу эзарнаш нахана хьалха къамел деш элира, ша бусулба хиларна дозалла деш ю ша, ша Керлачу Зеландин полицехь лидер а ю ша, Крайстчерчехь хилларг бахьана долуш Iадийна а ю ша, аьлла. "Оха, Керлачу Зеландин полицино... Читать дальше...
Дуьненаюкъарчу лехамехь волу Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна Украинерчу Харькован кIоштахь, хаам бо "Дождь" телеканало. Болчу хаамца, иза Оьрсийчоьнан Iедалша бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Украинин къоман полицино бинчу хаамца, 32 шо долу и стаг зуламхойн тобанан декъашхо хилла. Цунна бехке дуьллуш ду 2008-чу шарахь Нохчийчуьрчу Первомайская станицехь адамаш дайар. И зулам даран бахьана хилла кхечу къаьмнех болу нах цабезар. Нагахь аьтто балахь Оьрсийчуьрчу Iедалша и стаг чуволла мегаш ву... Читать дальше...
Крайстчерчехь шина маьждигана тIелатар динчу миноташкахь Керлачу Зеландин полицино Facebook-е хаам бина хилла герз детташ воллучу стеган агIон тIехь хуьлург гойтуш йоьдуш трансляци хиларх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедар дина шен Twitter агIонехь Австралерхь а, Керлачу Зеландехь а Facebook социалан машанан директор-координатор йолчу Галик Миас (Mia Garlick). Цул тIаьхьа шаьш сихонца Facebook-ра а, Instagram-ра дIаяьккхира, боху Facebook-ан векало, цу стеган агIонаш а, ткъа иштта видео а. Гарлика бинчу хаамца... Читать дальше...
Facebook-о тIаьхьарчу 24 сохьтехь шен сервершна тIера дIаяьккхина цу социалан машанан пайдаэцархоша яржийна Керлачу Зеландерчу Крайстчерч гIалахь адамаш дойуш яьккхина 1,5 миллион видео. Цу сов ара ца йолуьйтуш сацийна кхин а 1,2 миллион видеокийсаг. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Twitter компанино бинчу хаамехь. Цу хаамца, белхахой юкъайозийна а, леррина технологи лелош а Facebook-о дIайохуш ю кхин йолу "ницкъ беш гойтуш йолу сценаш дIа а йохуш кечййина видеош а". ТIаьххьара болчу хаамца, Зазадоккху-беттан... Читать дальше...
Керлачу Зеландера Крайстчёрч гIаларчу шина маьждигехь 50 стаг вийна зуламхо кхелана хьалха хIоттийна шотдийнахь. 28 шо долу Австралин махкахочунна Таррант Брентонна ха деш вара герзаца волу ши полисхо. Кхелехь цуьнга адамаш дайарна бехк кховдийра. "Iамеркан аз" портало бинчу хаамца, полицино лаьцна ву цуьнца зулам деш дакъалоцуш хиларна шеко йолу кхин а 2 стаг. Шотдийнахь зорбанан-конференцехь Керлачу Зеландин премьер-министро Ардерн Джасиндас дIахьедар дира, Таррант сацийра герз деттачура полицино аьлла. Читать дальше...
Азербайджанан президенто Алиев ИлхIама, геч а дина, набахтера аравалийта 400 гергга тутмакх. Царна юкъахь ву оппозицин боламан маситта жигархо, ша аьлча "Халкъан фронт" къоман-демократин партин хьлханчех волу Байрамлы Гезел а, Гахраманлы Фауд а, ткъа иштта "Нида" кегийрхойн юкъараллан 2 жигархо а. Уьш дIахецийта гIерташ яра дуьненаюкъара адамийн бакъонаш ларйон вовшахтохараллаш. Набахтера маьршаваьккхина экономикца доьзна зуламаш дирна а, наркотиакаш латторна а, Iедалшна дуьхьал тийсаваларна а... Читать дальше...