Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкахь оппозиционер Навальный Алексей маьршаваккхар тIедожош хIиттийначу митингашкахь полицино лоьцуш бу нах. ХIинцале а 100 гергга митингхо дIавигина ницкъахоша цхьана Москвахь.
UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата пост хIоттийна хилла, Москвахь Навальный Алексей маьршаваккхар доьхуш хIоттийначу митингехь ОМОНах леттачу Джумаев Сайд-Муххьаммадна тIехIуттуш. ТIаьхьо инстаграмера дIаяьккхина цо шен пост. Джумаевн сурт а хIоттош, хэштэг йиллинера спортхочо "маршо" аьлла. Цхьа хан яьллачу заманчохь цуьнан аккаунтера къайлаелира пост. Цуьнан терго йина IADAT телеграм-канало. Кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало йира Джумаев Сайд-Мухьаммада. Читать дальше...