Нохчийн Ичкерия Республикан хиллачу хьалхарчу президентца Дудаев Джохарца хилла интервьюш вовшахтоьхна, стохка Киевехь арахецна хилла книга Украинан "Шеран жайна" (Книга года) премин шорт-лист юкъаяхна. "Публицистика" категорехь билгалъяьккхина иза. "Лицар свободи" ("Рыцарь свободы") цIе йолу книга стохка арахийцира. Цу юкъаяхна интернетехь яржийна интервьюш а, иштта, хьалхарчу Ичкерин президентан доьзало елларш а. "Тхан гочдархоша интервьюш тексте а ерзош, украинхойн матте гочйира, церан цхьа дакъа нахана хезна яц... Читать дальше...
Чиллан-беттан 15-чу дийне дIаяхйина ГIалгIайчоьнан Iедалша, коронавирус бахьана долуш шаьш юкъаяьккхина раж. Дихкина нах вовшхбетташ, барамаш хIиттор а, иштта чохь Iен тIедожийна къаношна а, шайца кхин а цхьацца лазарш долчу нахана а. Лахьан-баттахь Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас дIахьедира, ГIебарта-Балкхаройчоьно а, Кхарачой-Чергазийчоьно а, ГIалгIайчоьно а кхачам боллуш къийсам ца латтабо инфекцина дуьхьал аьлла. Билгалъяьхначу регионашкахь 50 процент аьлча санна бахархоша лелош яц масканаш йа транспорта тIехь а... Читать дальше...
Пандеми йолаелчхьана COVID-19 вирусах дуьненчохь беллачийн терахь шина миллионал совдаьлла. ХIопкинс Джонан Университетан сайтехь зорбане яькккхина цунах лаьцна информаци. Ун даьржичхьана COVID-19 вирус кхийтира 90 миллион стагах. Къаьсттина дукха дархой белла Амеркиан Цхьанатоьхначув Штаташкахь - 390 эзар гергга стаг. Пациенташ дукха баларца шолгIачу меттигехь билгалъяьккхина Бразили- 270 эзар стаг. 3-чу могIарехь язйина ю ХIиндойчоь - 150 эзар стаг велла цигахь. Оьрсийчоь 4-чу меттигехь ю аьлла... Читать дальше...