Дуьхьлоанан акцеш дIайоьлхуш полицин белхахошца тийсавелла 21 шо долу Джумаев Сайд-Мухьаммад къера хилла шен бехк хиларна. Цунах лаьцна хаам бо Mash telegram-канало. Джумаев левеш яьккхина видео арахецна канало. Цу тIехь жимачу стага боху, ша хIунда лаьцна а хаьа шена, ша бехке хилар тIе а лоцу ша. Гергарчу хенахь Москварчу Пресненски суьдехь сацам бийр бу иза лацар хьокъехь. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Москварчу университетехь доьшуш хилла, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу... Читать дальше...
Навальныйгахьа хIоттийначу акцехь омонхойх летта нохчо каравеана; "Соколиное гнездо" комплекехь КадыровгIеран петарш гучуевлла; 70 школа ян тIелаьцна Нохчийчохь
ГIалгIайчохь лоьрийн гIо кхачочу Республикан центран хиллачу машенлелорхочо, 63 шо долчу Мархиев Исрапила дIахьедо, ша бакъо йоцуш балхара дIаваьккхира, коронавирусца болх бечарна кхачош долу ахча ца деллачаьрца дуьхьал вистхиларна аьлла. Цул тIаьхьа шен "белхан книжкана" тIера йоза администрацино хийцира боху цо. "Сан "белхан книга" ас болх бечу заманчохь цаьргахь яра, ткъа со балхара дIаволуш юха ца елира соьга. ФСБ-но дIаяьхьна, белхан хенаца "харцо лелорна" аьлла. Официалехь а воцуш, ас Карабулакехь цхьанхьа болх бича санна, дуьйцу. Читать дальше...
Кхаа рожехь доьшу бераш шина роже дерзон Iалашонца, тIедогIучу кхаа шерачохь Нохчийчохь кхин а 70 школа ян тIелаьцна нохчийн Iедалхоша аьлла, хаамбина республикерчу дешаран министралло. Регионехь демографи кхуьуш хиларна, школашкара проблемаш ерзон ницкъ ца тоьъна шайн, боху министрааллан векалша. "Кху тIаьхьарчу шерашкахь иттаннашкахь доьшийлаш йиллинашехь, кхин а тIе школаш а, дешаран корпусаш а ю хьалаеш. Махкарчу 15 кIоштахь дешархошна тоьаш бац меттигаш", - дийцина меттигерчу хаамийн гIирсашна министраллан говзанчаша. Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 39 дархо, вирус хааелла кхин а 957 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь велла 19 стаг, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь в ялх-ялх пациент велла уьнах, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша, Кхарачой-Чергазийчохь - цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавкаан регионашкахь велла COVID-19 вирусах пандеми яьржичхьана 6 827 стаг. Къаьсттина дукха бу цомгаш нах тIаьххьарчу 24 сахтехь динчу лараршца, Ставрополан махкхаь - 234 стаг. Читать дальше...
Хьал гойтучу шайн декларацешкахь гучу ца яьхна, "Соколиное гнездо" олучу Москварчу премиум-классан меттигера петарш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах болчу нехан цIартIехь хилар къаьстина. Росреестран информацина тIетевжина "Важные новости" ресурсан хилла царех тидам. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме... Читать дальше...