"ФСБ-нера дIовшдалархой" дIасалеллачу хенаца догIу Кавказехь жигархой балар; Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла; cтаг вийна хиларх йолчу шеконца полисхо лаьцна Дагестанехь
"Iазапна дуьхьалоечу комитето" Нохчийчуьрчу Абдулмежидов Iабдул-Хьалиман цIарах арз дахьийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цунна тIехь гIело латтийна полицино, амма талламхоша, шайга пхьоьазза дехча а, ца айдина бехктакхаман гIуллакх.
Талламаш бечу Bellingcat-ан журналист Грозев Христо автор а волуш, баьржийначу хаамаша довзийтира муьлхачу хенахь, стенга бахана лелла оппозиционерна Навальный Алексейна тIекхачале "ФСБ-нера дIовшдалархой". Оцу хаамашна тIе а тевжаш, социалан машанашкарчу наха цхьаьнайоьзна буьйцучу ФСБ-н белхахойн Къилбаседа Кавказехула дIасалелла хан а, оцу регионехь халкъалара жигархой белла хан а, хьелаш а. Масала, Яблоко партин жигархо, журналист Куашев Тимур веллачу хенахь нисвелла цхьа "дIовшдалархо" Нальчикехь. Читать дальше...
ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, 29 стаг, цамгар хааелла кхин а 1200 вахархочуьнца. Краснодар-махкахь кхелхина 15 пациент, Ставропол-махкахь - 6, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Адыгейхь – 2. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву COVID-19 цамгарх 5 981 вахархо. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а уьнах цомгуш хилларш: Ставропол-мохк + 246 (36 059) Краснодар-мохк + 187 (28 479)... Читать дальше...
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьнан спикер, демократ Пелоси Нэнси юха а хир ю, президент а, вице-президент а дIаваьккхича, мехкан кхоалгIачу уггар лакхарчу даржехь. 80 шо долу политик юха а оцу дарже хаьржина Дечкен-беттан 3-хь, кIиранан дийнахь, керла хаьржинчу Конгрессан хьалхарчу белхан дийнахь, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Пелоси харжа реза хьулуш кхаж тесна 216 конгрессмено. Цуьнан оппонент волчу республикахочо Маккарти Кевина гулбина 208 кхаж, хаам бо "Немцойн тулгIе" зорбан гIирсо. Читать дальше...
Байначу баттахь тIайна гергахь оьккху коьчал йитарна лаьцначу Славянск-на-Кубани гIалин вахархочо полицига аьлла, Петербургера баьхкина ФСБ-н белхахой кхеро воллура ша. Лаьцнарг гойтуш видео яржийна Baza телеграм-канало. Цу чохь цо боху, ФСБ шена тIаьхьаяьлла лела дуккха а хан ю. Керла шо тIекхачале лецира гIалин вахархо цIерпоштин Краснодар-махкарчу Староминская социйлехь, тIайна гергахь, оьккху коьчал йитина аьлла.
Каспийск гIалин кхело 10 денна лаца магийна меттигера вахархо верах йолчу шеконца. Цкъачунна цунна бехке дуьллу шегарчу даржо лучу бакъонел соввалар. Кавказ.Реалиино хаийтина ма-хиллара, стаг вийна Дечкен-беттан 2-чу буса Каспийскерчу цхьана тIекIелдинчу цIенна хьалха. Дечкен-беттан 2-чохь полице хаам баийтина меттигерчу яхархочунна тIелетта аьлла. Схьакхаьчначу полисхочунна гина зудчунна етташ воллу стаг, буьйр дина цуьнга IадIан. Талламо бахарехь, важа лата гIоьртина полисхочух а. Полисхочо шегара тапча тоьхна цунна. Читать дальше...