Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехкевина Ганиев Рустам. Ларамза нисвелла, боху, Джумаев Навальныйн акцехь. Путинан ю боху шахьар, совдегарийн ю аьлла Кремло
Нохчийчохь тIемалойн тIаьххьара бисна бен бохийна ша аьлла, кху деношкахь дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, тIаьххьарчу леринчу операцехь ницкъахоша вийна тIаьххьара бухависна хилла ялх тIемало, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш. Эксперташа-бакъоларъярхоша а, Кавказерчу хьолана тIехь терго латточу талламчаша а, Кадыровс санна, цхьана маьIнехь ца хадабо регионерчухьлан мах.
Нохчийчоьнан омбудсмено, Къилбаседа Кавказан федералан гонийн бакъоларъярхойн Координацин кхеташонан куьйгалхочо Нухажиев Нурдис кехат дахьийтина адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н лакхарчу комиссаре Бачелет Мишеле Закаев Ахьмадан хьокъехь. "ХIара дуьххьара дац, Закаевс терроризм къобалъеш. Нохчийчуьра схьабевлла, Европехь бехачу иттаннашкахь болчу оцу нахе дукха хан ю оха кхайкхамаш бен, шайн питанаш дита, нохчийн къам бердах кхоса ма гIерта, барт ма эгIабе, кегийрхой ир-кара ма хIиттабе бохуш. Читать дальше...
Коррупцица къийсам латточу Фондо Путин Владимиран ю боху Геленджикера хIусамаш цхьана совдегарийн долахь ю, церан цIераш йохур яц Кремло аьлла, дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Объектана хадарх лаьцна хеттарш къайлахчу сервисашка а (ФСБ), Федералан хадархойн урхалле а (ФСО) де аьлла Песковс. Карладоккху, оршотан дийнахь Путина дIахьедира: "Сан долахь ю аьлла, билгаляьккхина цхьа а гIишло, йа сан а яц, йа сан гергарчийн а яц, йа цкъа а хилла а яц" аьлла. Аргумент ялош элира цо... Читать дальше...
Американ Цхьанатоьхна Штаташ кийча ю, шина а агIонна пайден хир долу юкъарлонаш Оьрсийчоьнца лело, иштта дIахьедо, Вашингтон сингаттамехь хиларх оппозиционерна Навальный Алексейна гонах лаьттачу хьолана а, Американ организацешна дуьхьал дохучу хакерийн тIелатаршна а. Оцу кепехь дIахьедар дина Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос Президентан дарже ша хIоьттичхьана дуьххьара вистхилла Байден Американ а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигах. Хьалхо зорбанашкахь яздора, цуьнан гона тIетовжий... Читать дальше...
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан инфекцех кхелхина 38 дархо, ун даьлла кхин а 982 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь велла COVID-19 вирусах 20 стаг, Ставрополан кIоштахь – ялх, ГIалмакхойчохь – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шишша велла, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла. Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавкахехь уьнах хьалха ца ваьлла 6 747 коронавирус кхетта стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца... Читать дальше...
2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке вечу Ганиев Рустаман гIуллакх кхеле дIахьажийна аьлла хаамбо Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Талламчийн версица, тIеман баьччийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цо. Хьежа а деш, нийса герз детташ хилла цо десантхошна тIе. Официалан зерашца, хIетахь вийра 84 эскархо, веанна чевнаш йира. Ганиев Рустам бехкево: зуламан тобанехь дакъалацарна а... Читать дальше...
Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас Лазина Татьянас дийцина, оппозицин политикехьа Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхошца летта хилла нохчо шегара даьллачунна дохковаьлла хиларх. "Подъем" ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Де хьалха Делимханов цхьанакхетта хилла Джумаев Сайд-Мухьаммадан деца-ненаца. Цара чIагIдарца, Навальныйна тIаьхьахIоьттина вац шайн воI, цигарчу акцехь а ларамза нисвелла ву иза аьлла. "Джумаевн деца-ненаца къамел дина Делимханов Адама. Цара ма-дарра дийцина хиллачух... Читать дальше...