Дагестан а, ГIалгIайчоь а тIаьххьара мехкаш бу инвесторийн тергаман рейтингехь; Дагестанерчу яхархочунна бер даларна 8 шо хан тоьхна; адвокат: Химки гIалин полицин декъехь ву Навальный
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Virgin Orbit компанино 10 спутник эцна ракета хецна космосе, Boeing 747-400 кемана тIера, хаам бо "Радио Свобода" зорбан гIирсо. Леррина кечдина Cosmic Girl цIе йолу Boeing тIемадаьлла Лос-Анджелесна къилбаседехьарчу Мохаве гIум-арехь йолчу аэропортера. Тийначу хIордана тIехула хецна цо ракета шен тIоман кIеллара. Франс-пресс агенталло тидам тIебохуьйту, цу тайпа проект экономикан агIор пайденна хирг хиларна. Иштта ракета космосе хьажо ца оьшу леррина космодром кепара меттиг ... Читать дальше...
Ша мехах хьожуш, лелош хилла бер даларна бехкейина Дагестанана яхархо. 8 шо тоьхна цунна набахтехь такха. Иштта бу Дербентерчу гIалин кхело бина сацам. Нехан доьзалерчу йоIе хьожуш хилла зуда 2019-чу шарахь, етташ хилла цунна, елла иза ГIура-баттахь. Мерза хIума схьаэца, ишкапа тIеяьлла хилла 3 шо долу йоI, зудчо чутеттина, охьакхетта. Лаьттах корта кхетта, метта ца догIуш, делла бер.
ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу опреативан штабо бечу хаамца. Коронавирусах велла 31 пациент. Цамгар кхетта кхин а 1114 вахархочунна. Диагноз лоьраша бакъ а еш, белларш бу: Краснодар-махкара 18, Ставропол-махкара – 7, ГIалмакхойчуьра – 3, Дашестанера – 2, Кхарачой-Чергазийчуьра – 1. ДIадахначу дийнахь а, ерриг а хенахь а цомгуш хилла: Ставропол-мохк + 235 (39 421) Краснодар-мохк + 200 (31 167) Дагестан + 158 (26 314) ГIебарта-Балкхаройчоь... Читать дальше...
RAEX агенталло ша хIора шарахь хIоттош йолу инвестицешна томехь болчу мехкийн рейтинг хIоттийна. ТIаьххьарчу меттигашкахь ю Дагестан а, ГIалгIайчоь а. Эксперташа бахарехь, пандемин хьелашкахь инвесторшна кхераме хета и ши мохк, цундела цара лардо шайн ахча цига кхачах. Цундела шина махканна пачхьалкхан бюджетера ахча ларданний бен ца дуьсу. Инвесторшна тоьлла хетачу мехкех бу Къилбаседа Кавказехь Ставропол-мохк. Цигахь хьал тоьлла дацахь а, шайн капиталашна сов кхераме дац аьлла хета совдегаршна. Читать дальше...
Навальный Алексей Оьрсийчу цIа верзаца доьзна кIиранан дийнахь полицино лаьцна 69 стаг, шайна юкъахь ша политик а цхьаьна волуш. Цунах лаьцна яздо "ОВД-Инфо" зорбан гIирсо, хаам бо "Радио Свобода" портало. Москвахь оппозиционер кхача везаш хиллачу Внуково аэропортехь лецира 62 стаг, биснарш лецира Санкт-Петербургехь. Оцу нахана юкъахь хилла 2 кхиазхо а, лаххара а 6 журналист а. Кхаа стагана ницкъ бина дIалоцуш, царах шиъ дарбанан хIусаме кхачийна. Кхин а цхьана лаьцна йолчу зудчунна вон хилла полицин декъехь. Читать дальше...
КIиранан сарахь Навальный Алексей лецира Шереметьево аэпропортехь, паспортана таллама бечу чекхволехь. Карарчу хенахь иза латтош ву Москванан гергарчу Химки гIаларчу полицин декъехь.
COVID-19 цамгар а лайна, цунна дуьхьалоян таро йолчу а, вакцина шайна тохийтинчу а бахархошна шатайпа паспорташ дала долор ду Башкирехь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь дуьйна. Оцу хьокъехь хаам баржийна мехкан куьйгалхочо Хабиров Радийс. Цо бахарехь, ишта паспорташ юкъадахаро аьтто бийр бу махкахь лела дуккха а дехкарш дIадаха, бахархошна дIасалела аьтто а боккхуш. Масала, изоляцин хьелаш лардеш лела оьшур дац 65 шо сов хан йолчу нехан. Коронавирусах долу паспорташ юкъадахаро нах вакцина ян меттахбохур ду, аьлла хета Хабировна. Читать дальше...
Германера цIа веъча Москварчу Шереметьево аэропортехь кIиранан сарахь дIалаьцна Оьрсийчуьра оппозиционер Нвальный Алексей ву Мосвкан областехь йолчу Химки гIалан полицин декехь. Цунах лаьцна хаам бина Би-би-си-н Оьрсийн сервисе Навальныйн адвокато Михайлова Оьлгас, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисе (Радио Свобода). Полицин декъан белхахоша бакъдина иза, амма уш реза ца хилла Навальныйна тIебита я адвокат а, я Коррупцица къийсам латтон фондан юрист Гимади Вячеслав а. Селхана сарахь Навальный лецира Шереметьевохь... Читать дальше...