2018-чу шарахь Мисарахь шеконашца лаьцна, набахтехь латтийна ГIалгIайчуьра кхо вахархо Москва кхачийна; Хангошвили Зеламха вийначунна дIовш дала дагахь хилла; Джикаева Маликина еттар бакъ ца дина Нохчийчохь
Дагестанерчу Дербентан яхархочо Казимова Наргизас кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, шен кIант Алиев Ниллан лохуш гIо дахьара аьлла. Стохка Чиллан-беттан 10-хь тIаьххьара ненаца зIене ваьлла иза.
Москварчу университетехь доьшуш хилла, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь ОМОН-ан белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад лаьцна Псковн кIоштахь. Талламан комитете хеттарш дан валош ву, яздо Mash телеграм-канало. Иза лацар тIечIагIдина Baza телеграм-канало а. Оцу хаамийн ресурсан информацица, цхьаммо дIаттетича, охьакхетта лазийра ша, ткъа самаваьлча айса лелорих хууш вацара аьлла Джумаевс шен гергарчаьрга. Беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош, хIоттийначу акцехь Джумаев омонхошца леташ яьккхина видео интерентехь яьржира.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 41 стаг, ун даьлла хиларца билгалваьлла 953 вахархо. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 19 стаг, Ставрополан махкахь - ворхI, Дагестанехь - пхиъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а шишша, Нохчийчохь а, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 уьнах 6 788 стаг. Ставрополан... Читать дальше...
Дагестанерчу Дербентан яхархочо Казимова Наргиза кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, шен кIант Алиев Ниллан лохуш гIо дахьара аьлла. Стохка Чиллан-беттан 10-чу дийнахь тIаьххьара ненаца зIене ваьлла ву иза. "Сан цхьаъ бен воцу воI лохуш, гIо дахьара ахь! Иза воцург сан кхин хIуммаъ а дацара. Суна хаьа, хьо дика стаг вуйла а, массарна а ахь гIо дойла а. Хьуна дуьхьал вацара иза", - боху Казимовас ша дIаязйинчу видео тIехь. Нанас дийцарехь, Айдын цIе йолчу стага (хила тарло вуьйцург Мустафаев Сеидадин) Iехийна... Читать дальше...
Талламан изолятор чохь латточу Джикаева Маликина еттар бакъ ца дина Нохчийчохь. Соьлж-ГIаларчу кхело набахтехь даккха кхо шо хан туьйхира гоьяьллачу блогерна Джикаева Маликина ГIуран-баттахь. "Чечня Сегодня" агенталло яздо, блогер латточу Соьлж-ГIаларчу изоляторехь хилира шайн корреспонденташ, хаамашкахь яздийриг таллархьама аьлла. Набахтен белхахоша дийцина, лоьраша яздина молханаш а моьлуш, цуьнан шен дехарца, психиатр тIе а валош, латтош ю Джикаева аьлла. Иштта, цара билгалдаьккхина, изоляторера низам Маликас кест-кеста дохош хиларх... Читать дальше...
COVID-19 вирусах Нохчийчохь 106 стаг велла. Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоро довзийтина и терахьаш. Тахана, Дечкен-беттан 27-чохь лаьттачу хьолаца, ерриг а 596771 тест ю йинарг, вирус толлуш. Царех 3275 йина тIаьххьарчу дийнахь-буса. Ун къаьстина 10 651 вахархочуьнца. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан ун къаьстина 37 стагаца. "9102 пациентна гIоле хилла, COVID-19 инфекцех кхелхина 106 дархо", - аьлла, яздо Роспотребнадзоро.
Экстремизмна бехке бу аьлла, 2018-чу шарахь Мисарахь шеконашца лаьцна, набахтехь латтийна Оьрсийчоьнан кхо вахархо Оьрсийчу кхачийна. Оццул хан набахтехь йоккхуш, бехкаш тIе ца чIагIбина царна, дийцина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. "Тхоьга Мисарарчу Оьрсийчоьнан векалтера кхаьчначу информацица веа студентах кхаанна депортаци йина, воьалгIачун гIуллакх хIинца а дерзанза ду. Селхана делкъанна Домодедово аэропорте кхечира "Мисаран авиалинийн" кема. Цхьахволчу студентан паспортан хан кхачийна хиллера... Читать дальше...