Оппозиционерна Навальный Алексейна гIело йо бакъдерг дийцарна, президента Путин Владимира шен ницкъаш арабаьхна шегара юьйлу харцонаш Iора ца яккхийта, бохура шоьтадийнахь Австрин коьртачу шахьарахь Венехь хIоьттинчу Оьрсийчуьра схьабевллачу нехан диаспорийн гуламо.
Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа а, пачхьалкхан куьйгалхоша ден къоланаш сецорехьа а, ерриг а Оьрсийчохь санна, гуламаш хIиттийра наха цхьаццайолчу Къилбаседа Кавказан коьртачу шахьаршкахь а. Кавказ.Реалиин корреспондента бечу хаамца, Сочерчу протестан акце веанера лаххара а 500 вахархо. «Путин – къу!» хезара цигахь гуламхошкара. Лаьцна Сочехь лаххара а 80 стаг. Лецначаралахь яра "Новая газетин" корреспондент Костюченко Елена а. "Полицин декъехь протоколаш ду хIиттош, со сихха дIахийцира. Читать дальше...
Ставрополехь, ХIинжа-ГIалахь, БуьритIехь полицино, некъан инспекцеша гоне лаьцна кхобу гIаланийн коьрта майданаш. Кавказ. Реалиин меттигашкарчу корреспонденташа бечу хаамца, кху муьрехь гIаланийн центршкахь бац оппозиционер Навальный Алексей лаьцначуьра дIахецийта хIиттина протестан гуламаш. БуьритIехь центр дIакъовла даьлла бахьана довзуьйту дIатоьхначу йозанаша – ремонт, амма цигахь хьашташ меттадалош болийна хилла болх бирзина бу масех бутт. ПIераскана а, цул хьалхарчу а деношкахь Iедало... Читать дальше...
Шен деллачу дIаьвшах дарба дайтина а ваьлла, Германехь Оьрсийчу юхавеанчу дийнахь лаьцна оппозиционер Навальный Алексей мукъаваккха Iедал декхаредеш, Москвахь а, Петербургехь а тахана хIиттинчу протестан акцешкахь полицино лоьцуш бу нах, кхерам бу царна набахтешка хийшо. Маршо Радионо гойтуш ду Москварчу митингера хьал кху сахьта йоьдучу шен эфирехь. "ОВД-Инфо" портало бечу хаамца, Москвахь, Петербургехь, шинхьа а, лецна иттанне кхоччуш протестхой. Цаьрца цхьаьна лецна журналисташ Френкель Давид а, Делимбетов Олег а, Царева Марина а. Читать дальше...
Дагестанера кхиазхочо Сейидова Жасминас кхо бутт сов хан яьккхина Соьлжа-ГIаларчу полицехь. Селхана Нохчийчу еъначу Дагестанерчу делегацига дIа а елла, хIинца шен цIахь ю иза. Кавказ.Реалиига дийцира Дагестанерчу бакъоларъечу цхьаьнакхетараллийн координацин кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шемала, йоI лаьцна яцара, полицин декъехь яра, шега долчу хеттаршна жоьпаш луш, аьлла. "ЙоI Нохчийчохь ю аьлла социалан машанашкахь хаамаш баьржича, соьга масех стага дийхира цунна гIодар.Ас веха ца Iаш, телефон... Читать дальше...