Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июль
2019

Новости за 22.07.2019

Radiomarsho.com 

Лакхарчу Радин харжамашкахь: алссам меттигаш кхаьчна Зеленскийн партина

Хенал хьалха хIиттийначу харжамийн кхаьжнех 80% сов багарбина карачу ханна. Президентан Зеленскийн «Халкъан лай» цIе йолчу партин векалша баьхна 44, 4% кхаьжнаш, шолгIачу меттехь ю Бойко Юрин «Оппозицин платформа – Дахарехьа» парти (13%), кхоалгIачу меттехь – Порошенко Петран «Европаца – цхьабарт» (8,3%). Зеленскийн партина кхочу уггаре дукха депутатийн гIенташ – 250 гергга. Оцу терахьо партина аьтто ло шеггара министрийн кабинет кхолла а, премьер-министр хIотто а. Украинерчу Iамеркан Шатийн векалто а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Арахьара ракан молханаш чукхехьарна ши ваша лаьцна Нальчикехь

Низам а талхош, молханаш дохкарна бехке ву Балахов Мурад, боху Нальчикерчу талламчаша. Германехь вехачу цо «Кейтруд» олу молханаш кхехьна даймахка. Дуккха а хилла клиенташ, амма, шен долахь фирма елахь а, и молха даржо бакъо яккханза хилла Балаховс. "Диканиг динеххьий бен, вон ца дина оцу стага. Цуьнна дан кечдина та1зар, цуьнгара даьллачуьнга хьаьжча, сов лакхара ду, Мурадна 5-8 шо хан тоха мега набахтехь яккха, ткъа иза харцо ю», - боху Балаховн адвокато Омаров Заура. Мурадца цхьаьна лаьцна Iедалхоша цуьнан ваша а ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тахана Оьрсийчоьнан кеманаша вийна 23 маьрша шемахо

Лаххара а 23 стаг стаг вийна Оьрсийчоьно оршоьтадийнахь Шемин къилбаседа декъерчу МаIарет ал-Нуман гIалина тIе бомбанаш тохарца. Цунах лаьцна хаамбина AFP агенталло, Шемин мониторинган центран информацина тIе а тевжаш. Белларш бу маьрша бахархой. Бакъоларъярхоша бахарехь, тохар дина базарна а, цунна гергахь лаьттачу хIусамашна а. Лазийна 45 гергга стаг. Халачу хьолехь дарбан цIийнахь бу царех цхьаберш. Хьалхо Оьрсийчоьно Идлибна дира и тайпа тохар, вийра 18 стаг, чIагIдо Шемин мониторинган центро. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 8 дагестанхо верах долу дов Дагестанерчу кхеле листийта тарло

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Дагестанан кхелахошка листа дIадала тарло 2016-чу шарахь Нохчийчохь, меттигерчу полисхошна 8 дагестанхо тIелетта аьлла, айдина дов. Дагестанерчу адвокатийн дехар кхочушдеш, шегара пурба кхайкхийна Нохчийчоьнан лакхарчу кхело. Кегийнах, Махаев Пахрудин, Магомедов Ислам, Узданов Гашим, Джамалутдинов Шемал Д., Госенов Госен, Джамалутдинов Камил, Клычев Клыч, Джамалутдинов Шемал М., Герзлой-Юьртаний, Энгал-Юьртаний юкъарчу некъа тIехь байира Нохчийчуьрчу ницкъхоша, даржийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (22.07.2019)

Iайша, дейишас йиттина йоI, хьалхалеррачу хьолехь ю, некъахьовзамехь велла Шелан кIоштан полицин буьйранча, Къевлинчуьра схьаяьстина гIалгIайн "Фортанга" сайт.

Radiomarsho.com 

Ламталлархойн декъеш схьакарийна орцанхошна

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу орцанхоша схьалехна Урал-ломарчу Укю-Iинах вахначу Петарбухарчу шина туристан декъеш. Ломарчу "3800 метр" терхи тIе охьавалийна ший а, дийна вац. Беракема тIекхачо деза уьш охьабаха", - боху Элбрусерчу орцанхойн урхаллин пресс-релизо. Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, кIирандийнахь хилла Петарбухарчу туристашца ломахь бохам. Ламталлархойн "Безенги" куьпахь сецна хилла спортхойн тоба. Цигара хьалаваххарх, вайна, лохуш вара хIинца велла карийна Семенихин Константин а (25 шо), Капицин Даниил а (21 шо).

Radiomarsho.com 

Нохчашна ловзаргахь стенах дIовш даьлла, ца кхета цкъачунна Австрера Iедал

ТIамехь лелош йолу газ, я юуург ен газ – ши верси ю Австрерчу Инсбрукехь, нохчийн ловзаргахь, дукккха а наханна ун далар толлучу хьукматийн. Хьал гиначарна а, дIовш кхеттачарна а хетарехь, цхьамма диверси йина нохчашна дуьхьал.

Radiomarsho.com 

Iайша, дейишас йиттина йоI, хьалхалеррачу хьолехь ю

Ажигова Iайша, дейишас йиттина дарбан цIийне кхачийна ГIалгIайчуьра ворхI шо долу йоI, цхьана эшшара ю. Цунна дарбадечу берийн хирургин Iилман-талламийн институтерчу лоьраша йоIах йолу информаци къайленехь кхобу, тIех дукха наха шайга цунах лаьцна телефонаш етташ хиларна. Цара комментари йоцуш дитира "Кавказ.Реалиин" хаттар а, амма хаийтира йоьIан пхьаьрс дIабаккхарх дерг цкъачунна къастаза дуйла. Iайша муьлхачу хьолехь ю кху муьрехь, шена ца хаьа, элира ГIалгIайчуьрчу берийн омбудсмено Чахкиева Заремас... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къевлинчуьра схьаяьстина гIалгIайн "Фортанга" сайт

Оьрсийчоьнан IT-технологешна тIехьожучу Роскомнадзоро кIира хьалха дIакъевлина хилла  гIалгIайн оппозицин "Фортанга" сайт схьайиллина юха а. Оцу хьокъехь хаамбо "МБХ медиа" хьасто. Делахь а, редакце цуьнан сайт схьайоьллу аьлла хаам бина бац, боху портал кхоьллинчу Бузуртанов Ахьмада. "Тхаьш дIакъовлий ма хиъинехь, тхан юристо хаам бахьийтира Роскомнадзоре. Оха орца дийхира федералан урхаллашка, амма жоп ца деара, ткъа тахана хааделла тхуна, тхешан сайт маьрша хилар", - элира цо. "Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Миллион гектар гергга хьун йогу Сибрех

Красноярскан, Иркутскан мехкашкахь миллион гектар гергга хьун ю йогуш. Оцу хьокъехь хаам баржийна Красноярск мехкан цIеяйархоша а, Иркутскерчу орцан дакъоша а. Красноярск-махкахь оршоьтан Iуьйранна 102 цIеяйархойн тоба яра йогу 652 гектар хьун кIелхьаръяккха араяьлла. Иркутск-махкахь болхбо 100 тобано йогучу 262 гектара тIехь. Урхаллаша бахарехь, церан тергонехь ю йогуш лаьтта массо а меттигаш. ЦIеяьхначу мехкашна гонахарчу кIошташкахь а йогу хьаннаш, амма уьш мелла а кIезиг ю. Красноярскан махкахь хьаннаш ягарца доьзна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Петарбухара ши ламталлархо велла ГIебарта-Балкхаройчохь

Бохам хилла кху кIирандийнахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаьмнашкахь, чхарнаш тIера хецавелла, чувоьжна ши ламбаккхархо, хаамбо мехкан орцан министралло. "21.07.2019. 16:40 хан йолуш ГIБР-н Орцан министраллерчу бохамаш луьстучу Центре хаам кхаьчна, Черекан кIоштахь Укю-Iинехь нах леха болийна, аьлла. Юхьанцарчу информацица, Петарбухара 2 турист хецавелла Урал лома тIера (локхалла – 4300 метр)", - боху пресс-релизо. Бахарехь, ламталлархойн "Безенги" куьпахь сецна хилла спортхойн тоба. Бохам хилла... Читать дальше...




Radiomarsho.com 

Некъахьовзамехь велла Шелан кIоштан полицин буьйранча

Мохкох Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Академи чекх а яьккхина, диплом схьа а аэцна, Нохчийчу юхавогIуш, Ростов махкарчу некъа тIехь, дуьхьалйогIучу машенах шен машен а кхетта, велла Шелан кIоштан полицин куьйгалхо Мусаев Тамерлан. Некъахьовзамах а, Мусаевн кхалхарх а лаьцна хьахош дац цкъачунна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь. ТIаьххьарчу дарже ша кхачале Мусаев Тамерлан лаьттира мехкан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан хана коьртехь. Иза оцу даржехь... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus