Нью-Йорк гIалин юккъехь меттахIоттийна тоькаца кхачо яр, вуно шуьйра электроэнерги ялар юкъахдаьллачул тIаьхьа (блэкаут). Товбецан-беттан 13-чу сарахь (шотде) электроэнерги йоцуш дисинера Манхэттенан доккхахадолу дакъа. ЦIеххьана ток дIаялар хьакхаделлера иттаннаш эзарнаш нахах. Юкъахаяьхнера Бродвейра спектаклш. Madison Square Garden-хь юкъахяьккхира Лопес Джениферан концерт. Шоу дIатеттина кхечу дийне. Дуккха адамаш дисинера метрон вагонашна а, лифташна а чохь. Болх беш яцара светофораш. Урамашкахь сецнера транспорт. Читать дальше...
Iамеркан Цхьаmнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхор ю Туркойчоьнна гергарчу деношкахь, Оьрсийчоьнера С-400 зенитан ракетийн системаш эцарна. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агенталло, шен хьасташна тIе а тевжаш. Дийцарехь, президентан Трамп Дональдан хьехамчаш йийцаре йина 3 вариант. Амма цкъачунна билггал хууш дац царах хьаржинарг муьлхарниг ю. План тIечIагIъян дезаш ву Трамп. Iамеркица цхьаьна НАТО-н юкъахь йолчу Туркойчу дIакхачо долийна С-400 системан дакъош. Вашингтоно дIахьедар дарехь, Оьрсийчоьнан... Читать дальше...
Некъахьовзам хилла Нохчийчохь Ножай-Юьртан кIоштахь пIераскана дийнахь. Цу хиламехь лазийна ву цхьа стаг, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо. Дийцарехь, 25 шо долчу жимачу стага гIалат далийтар бахьана долуш некъахяьлла саьмгарна чуяхана цо урхалла дон «ВАЗ-2107» машен. И бахьана долуш еза чевнаш хилла шофер дIакхачийна Гуьмсерчу кIоштан дарбанан цIийнан реанимацин декъе. Хилларг толлуш бу Iедалан белхахой.
Кхиазхойн балха баха бакъо ю 16 шо кхаьчначул тIаьхьа, ткъа наггахь кхин а хьалха. 18 шо дацахь бакъо яц болх бан буьйсанан клубашкахь а, ловзарийн бизнесехь а, белхан хьелаш могашаллина кхераме лоручу меттигашкахь а, хаам бо РИА Новости агенталло, Роструд федералан сурвисна тIе а тевжаш. 14 шо кхачанза долчу берийн бакъо ю болх бан кинохь а, театрехь а, концерташкахь а, кхерамазалла йолчу циркан гайтамашкахь а. 14-15 шо кхаьчначу кхиазхойн бакъо ю бай болх бан, магашаллана кхераме боцу.... Читать дальше...
ГIалгIайчохь лаьцна "ФортангаORG" телеграм-каналан администратор хилла Майсигов Рашид. Цуьнан нанас дийцарехь, де хьалха цаьрга баьхкина хилла коьртах туьтмIаьжигаш йоьхкина нах. Царах цхьаннехь цIеххьна карахь гучубаьлла кIайн хIур чохь болу жима телатан тоьрмиг. Майсиговн адвокато дIахьедина, хIусамах хьаьжнарш ФСБ-н ГIагIайчуьрчу урхаллан белхахой бу аьлла. Майсигов чувоьллина Несарарчу талламан изоляторна. Иза бехке веш ву боккхачу барамехь наркотикаш лелорна. Майсиговс дийцина адвокате дIалаьцначул... Читать дальше...
20 шо долу йоI Москох гIалара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, яздо «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш. "Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера, ткъа иштта дихкинера араяла а, деша яха а", - дийцина жигархочо. ЙоIан цIе йоккхуш яц. Шен халонех лаьцна цу йоIа яздина хилла "Правовая инициатива" бакъонашларъярхойн юкъаралле. Цо дийцинера, нагахь кху аьхка ша дIайодахь, билггал юха йогIур яц ша аьлла. Читать дальше...