Кхаа шарна Украине ян шен дихкинчу миграцин хьукматна Житомирерчу Королевскан кIоштан кхеле латкъамбийр бу 23 шо долчу Махачкаларчу Мединас. "Кавказ.Реалиига" цо бинчу хаамца, стохка Лахьан-баттахь шайн пачхьалкхера иза ара а йоккхуш, кхаа шарна Украине ян дихкинера кхунна. Низамашкахь ма хьоьхху, сацамбина итт де далале иск чуеллера Мединас, амма масийттазза а кхелан кхеташо дIатеттарна, хIинца а сацам банза бу тахана а. ТIаьххьара а кхело кху беттан 26-чу дийне дIаяьхьна кхелан процесс. Ша Медина Дагестанехь ю... Читать дальше...
Хьалха-Мартанарчу кIоштахь лаьттах боьллина хаабелла тIеман гIирс хIаллакбина ницкъаллийн структурийн белхахоша аьлла, Iорадаьккхина республикан тIеман комендатурехь. Ярташна гергарчу хьаннашкахь хьулдина хилла герз аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденте комендатуран векало. "Танкашна тухучу гранатометан гIирс а, куьйгакхусу Ф-1 гранаташ а, тротилан шашка а, лоьлхуьйтурш а, уьш кечбен гIирсаш а, авиабомабн детонатор а, кеп-кепарчу калибрийн патармаш а хилла лаьттах доьхкина"... Читать дальше...
Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-Тахрир" организаци бахьанехь кхел йина Челябинскан кIоштара а, ГIезалойчуьра а ялх бусулба маьршаваккха аьлла, кхайкхамбина бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Шайн сайтехь бина "Мемориало" и хаам. Бакъонашларъярхошна хетарехь, тутмакхашна хенаш тохар низамашкахь ца хилла. Исламан литература ешарна а, шайн гонашка нах ийзабарна а, вовшахтохараллаш дIадахьарна а бехкала боьхкина бу уьш. "Мемориалехь" берш тешна бу, церан лелар экстремизме ларар, доккхачу декъанна, Оьрсийчохь... Читать дальше...
Кху шарахь 25 эзар гергга Оьрсийчуьрчу бусулба стеган ХьаьжцIа ваха аьтто бу. СаIуда Iаьрбийчоьно кхи тIе а 5 эзар меттиг кхачийна царна. ПIераскандийнахь журналисташка бина цунах хаам Оьрсийчуьрчу бусулбачийн динан урхаллан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсо Аббясов Рушана. Цо билгалдаьккхина, квота совъяьккхина "динан дайша СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка дехар дарца" аьлла. ХьаьжцIа боьлхучийн документаш вовшахтухучу туроператорийн зерашца, "йоллу квота дIаюзуш ю", - яздо ТАСС агенталло. ТIедогIучу... Читать дальше...
2003-чу шарахь Минеральные Воды гIалара Ессентуки боьду цIерпошт эккхийтина, Красноярскехь нах гуллучу меттигашкахь теракташ де бохуш, кхайкхамаш бина стаг лаьцна Красноярскерчу къайлахчу сервисаша. Болчу хаамашца, Къилбаседа Кавказера ву лаьцнарг. Масийтта шо хьалха гIаттамхойн тобанах дIакхетта хилла иза. 2002-чу шарахь диверсешна кечамбен курс чекхъяьккхина цо, герз тоха а, лоьлхуьйтурш лело а Iамош. Оццу шарахь гIаттамхошца цхьана "Минеральные Воды- Ессентуки" цIерпошт эккхийтина цо. 2000-чу шеран юьххьехь дIалецира иза. Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан декъахочунна Мякиев Багаудинна йиттина изолятор чохь аьлла, хезча цуьнца цхьана лецначу жигархоша шаьш кхайкхийна мацаллин протест юкъахъяьккхина, прокурорца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа аьлла, хааме даьккхина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу бакъонашларъярхоша. Маршо Радионо яздира, адвокато Урусова Фатимас кху беттан 18-чохь хаамбарх, Нальчикехь лаьцна латточу Мякиев Багаудинна йиттина аьлла. Ишта Iорадаьккхира зорбанашкахь, оьгIазбахначу кхечу лецначара мацалла кхайкхийна аьлла. Читать дальше...
2000-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйгакIел йолчу тобанашлахь зуламаш лелийна ву аьлла, Оздиев Хьасанан гIуллакх теллинчул тIаьхьа кхеле дIахьажийна. "Кавказский узел" агенталло яздора, Нохчийчуьра вахархо Оздиев Хьасан бехкевина 2016-чу шарахь Ведана кIоштарчу Хорачахь 1999-чу шеран гурахь оьрсийн эскаршна тIелатар дина ву аьлла. ХIетахь вийра 12 эскархо, чевнаш йина висира шиъ. Талламчийн версица, 1999-чу шеран ГIадужу-баттахь Ведана кIоштахь Бачигов Ризвана куьйгалла дечу группех дIакхеттера Оздиев. Читать дальше...