Лакхарчу Радин харжамашкахь: алссам меттигаш кхаьчна Зеленскийн партина
Зеленскийн партина кхочу уггаре дукха депутатийн гIенташ – 250 гергга. Оцу терахьо партина аьтто ло шеггара министрийн кабинет кхолла а, премьер-министр хIотто а.
Украинерчу Iамеркан Шатийн векалто а, харжамашна тIехьожуш Iийначу «Дуьненаюкъара республиканхойн институт» олучу Штаташкарчу аналитикан центро а бечу хаамца, дукха ца хиллехь а, гIалаташ долуш чекхбевлла харжамаш, амма оцу анташа ца баьккхина барам демократин хьолах.
Оцу хьукмато бахарехь, Украинерчу харжамашна тIеIаткъам бина пачхьалкхан дакъош Оьрсийчоьно дIалецна хиларо – ГIирма а, Донбасс а. И ши регион аннексина кIел хиларо 16% украинхой битина харжамашкахь дакъалаца таро йоцуш.