Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

КхозлагIа кхечу набате дехьаваьккхина шена тIехь гIело латторах арз дина Нохчийчуьра вахархо

Талораш лелорна набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьра вахархо Висангириев Сайд-Ахьмад кхозлагIа кхечу колони дехьаваьккхина. Хьалхо латкъамаш дира цо, шена тIехь набахтехь Iазапаш хьегийтарна. Карарчу хенахь чохь латтон хьелаш мел а ладаме даьхна цуьнан, шен доьзалца цхьанакхета аьтто а белира цунна.

Стохка аьхка Висангириевс дIахьедира Владимирскан кIоштарчу номер 3 йолчу колонин белхахоша шегахь латтийначу гIелонах лаьцна. Иштта цунна дуьхьал бехкзуламан гIулакх даьккхира шеца чохь латточунна йиттина аьлла, Висангириевн вашас - Висангириев Сайд-Мохьмада чIагIдарехь, администрацино питана дина хиллера хIетахь.

Махкахь нехан бакъонаш хьоьшуш хилар тергал деш воцу, Нохчийчуьра адамийн бакъонашларйархо Солтаев Мансур оцу хьолана йукъагIоьртинчул тIаьхьа, Висангириев номер 6 йолчу колони дехьаваьккхира оццу Владимирскан кIоштахь. Цига дIа ма-виггара гIуданан изолятор чу воьллира иза, цул тIаьхьа ша цхьаъ латточу кепера камери чохь валлийра. Цул словнах, цунна тIера бедарш колонин белхахоша шаьш дIа а йахийтина, видео дIайазйинера, «товш йоцчу кепехь» вара аьлла цунна таIзар дархьама.

Владимирскан кIоштарчу номер 7 йолчу колонихь ву карарчу хенахь Висангириев, цуьнан нанна а, хIусамнанна а, йоIана а пурба деллера цуьнца цхьанакхета. «Кавказский узел» хьостаца хиллачу къамелехь цуьнан вашас дийцина, цунна тIаьхьабахначийн аьтто хилла цунна молханаш дIакхачон, ишта могушалла а меттайогIуш йу аьлла.

Хьалхо тхан редакцица хиллачу къамелехь вашас дийцира, цIе ца йоккху лазар ду аьлла, шен веших шеконаш хиларх.

Зазадокху-бутт бовш хаабира Таганрогера СИЗО-хь бусалба динера тутмакхаша мацаллин протест йу кхайкхина аьлла. Лецначара дийцарехь, цаьргара схьайаьхнера церан хIуманаш, йуьхь-куьг дуьлу гIирс, чу-арабовлийтар дихкинера, шайн гергарчу нахе тухучу телефонах а хадийнера.Цу кепара аьрзнаш кест-кеста кхочу Къилбаседа Кавказера схьабевлла, набахтешкахь латточу нахера. Церан гергарчара дийцарехь, бусалба динах болу уьш къаьсттина хьийзабо Оьрсийчоьнан набахтешкахь. Тхан редакцица къамел динчара тIечIагIдира, Таганрогера изоляторехь, и хьукмат къайлахчу сервисийн Iуналле йирзичхьана нах хьийзор алсамдаьлла аьлла. Ткъа деш долу аьрзнаш тергамза дуьту царна тIехь Iуналла латтон дезачу органаша.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus