Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Литвахь 21 шарахь ваьхначу нохчочунна Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта

Литвахь вехачу Нохчийчуьра вахархочунна кхерам лаьтта Оьрсийчу дIавала. Иза лаьцна, пачхьалкхехь ваха луш долчу кехатан хан кхиндIа а йахйан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIевеъча.

Цунах лаьцна тхан редакцига дийцина бакъоларйархочо, Ичкерин арахьарчу Iедалан векало Дунаева Розас. Лаьцначун цIе Беслан йу, фамили къайлайаьхьна. Дунаевас дийцарехь, бакъо а йолуш, иза Литвахь веха 21 шо ду, Литван бахархойн бакъо йолуш ду цуьнан бераш. Иза стенна лаьцна ву, цкъачунна хууш дац.

"Нохчашна, къаьсттина тIемашкахь дакъалаьцначарна Оьрсийчоьне дIахьийсор - административан процедура йац. Иза биллина дIа кхерам бу цуьнан дахарна а, сина а, адамаллин сийна а. Иза боккха кхерам бу, политикан буха тIехь иза лаца тарлуш ву», - билгалдаьккхина бакъоларйархочо.

Цо ишта бохура, гIуран-баттахь Литван Iедало, шайлахь арахьарчу гIуллакхийн министр а волуш, массарна а гуш-хезаш чIагIонаш йинера диаспорана, нохчий Оьрсийочьне шаьш дIалур бац аьлла.

"И дешнаш массарна а хезаш аьлла дара. Тхоьга аьлла ца Iаш, йоллу дуьненан йукъаралана хьажийна дара уьш. И дош деллера цара Нохчийн Ичкерия республикан премьер-министрна Закаев Ахьмадна а, диаспоран векалшна а, бакъонашларйархошна а, кхин болчу цхьанкхетаран декъашхошна а", - билгалдоккху Дунаевас.

Цо иштта дийцира, тоххара Литвара Нохчийчуьра шина вахархочунна депортаци йарх. Бакъонашларйархочо тIедожадо, адвокаташ а, бакъонашларйархой а цунна тIебитар, иза лацаран бахьанаш ма-дарра схьадийцар, дуьненайукъара адамийн бакъонашкхула долу декхарш Литвага кхочушдар, маса Беслан маьршаваккхар, нагахь санна иза лаьцна латтон низамехь бакъо йацахь. Ишта тIедиллина тIейогIучу заманчохь а къайлаха нохчашна Оьрсийчу депортаци йар сацаде аьлла.

"Европехь тховкIело а, кхерамзалла а лоьхуш хилла нах, уьш бевдда баьхкинчу метттигашка йуха дIахьийсон мегар дац. Литва, ахьа дош ма деллера. Ларде и. Беслан депоратцин набахтехь ву, боллу низаман ницкъашца оха иза къуьйсур ву шуьца", - аьлла дIахьедина Дунаевас.

Нохчийн Австрера диаспоран векалша митинг дIайаьхьира Кремс гIаларчу набахтена хьалха. Гулбеллачара тIедожийра бозуш боцу, цIена, эвсара талламаш дIабахьар пачхьалкхерчу набахтешкахь нах баларан хьокъехь. Бакъонашларйархочо, Ичкерин векало Дунаева Розас бахарехь, митингехь вовшахкхеттачара дагалецира белларш, церан кхолламаш. Жигархоша иштта дIахьедира Нохчийчуьра бахархошна депортацеш йан мегарг цахиларх, царна даймахкахь кхерам лаьтташ белахь.Цул а хьалха Эстонин Iедалша махках ваьккхира, шайга тховкIедо йоьхуш хилла Нохчийчуьра вахархо. Цунна тIе ца битира адвокаташ, ца витира иза ша-шен бакъонаш Iалашйан а, бохура Дунаева Розас.Нохчийчуьра вахархочунна тховкIело ца йаларна бина латкъам харц бу аьлла, Мовлаев Мансура чуделла арз йухатеттира Казахстанера кхело. Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта цунна а, ткъа цигахь иза вен тарло, йа цуьнга Iазапаш хьегийта кхерам бу.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus