Алапаш тIекхетарх хIоттийначу рейтингехь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьарчу могIаршкахь гойту
Алапаш тIекхетар уггар а меллаша долчу Оьрсийчоьнан регионашлахь билгалйаьлла Къилбаседа Кавказ, йоллу цигара регионаш аутсайдерийн могIаршлахь нисйелла. Уггар а эшна хьал ду ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь.
Талламаш дIабаьхьна оцу хьокъехь пачхьалкхан «РИА Рейтинг» агенталло. Росстатан зерех а, инфляцих а, бахархоша туьканашкахь йечу харжех, ишта кхин дIа долчух а пайдаэцначу говзанчаша лерина, мел хан-зама йаьлча бахархойх ах декъан таро хир йу 200 эзар соьме гергга алапаш эца.
ГIалгIайчохь 22 шо оьшу, Нохчийчохь – 19 шо, Дагестанехь – 15,6 шо оьшу. Царна тIаьхьа йогIу ГIебарта-Балкхаройчоь. Цигахь хIора шолгIачу вахархочун мел лахара а 14 шо даьлча таро хир йу 200 эзар сом алапа эца. Къилбаседа ХIирийчохь (13 шо), Кхарачой-Чергазийчохь (11,6 шо).
Уггар сиха алапаш кхуьучу меттигех йу Ямало-Ненецкан автономин регион, цигахь 200 эзар сом алапа эца оьшур ду ахшо гергга.
ХIора ГIалгIайчуьра воьалгIа вахархо бан болх боцуш ву. Иза ледара гайтам бу пачхьалкхехь. Аутсайдерийн тептарехь оцу гайтамца нисъйелла Къилбаседа Кавказан кхин а йиъ регион.2025-чу шеран жамӀашца, ГӀалгӀайчоь тIаьхьарчу меттехь йара дахаран дикаллех йоллу Оьрсийчоь йукъайалош хIоттийначу рейтингехь. Официалан статистико гойту, пачхьалкхехь уггар а кIезиг рицкъ тIедогIуш, лаккхара белхазалла йолу, дотацех йоьзна республика и хилар. Оцу гайтамаша мел бакъ гойту билггал лаьтта хьал, ткъа регионийн куьйгалхойн таро йуй и терахьаш дестийна гайта, кхин а алсам шайна гӀо-дайтархьама?