Цхьана беттачохь шолгIа совгIат дина Кадыровна – цементан индустри кхиорехь "къаьстина дакъа лацарна"
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна керла совгIат делла - "Оьрсийчохь цементан индустри кхиорехь къаьстина дакъа лацарна" аьлла, I -чу тIегIан орден. Нохчийн урхалхочуьнга совгIат дIаделла цемент йечийн Йукъараллан директоро Мартынкина Дарья.
Кадыровн керлачу совгIатах лаьцна хаамбина охан-беттан 14-чохь шен телеграм-каналехь Кадыровс. Публикацихь чIагIдарехь, Мартынкинаца цхьанакхетаран коьрта Iалашо йара «Чеченцемент» компанина модернизаци йан кечйина проект йийцарейар а, цуьнан болх а, ишта "регионехь цементан индустри кхиоран коьрта агIонаш а" чIагIйар.
Охан-бутт карабеачхьана хIара шолгIа совгIат ду Кадыровна динарг. Беттан йуьххьехь мидал йелира цунна "Iилма кхиорехь дакъалацарна" аьлла. И совгIат цунна дIакхачийра Нохчийчуьра академин президентан Умаров Джамбулатан лаамца. И вара хьалхо "ЛГБТ-адамашна КъорIан а доьшуш дарба дан деза баьхнарг" а, нахана хьалха дIа а хIиттош, даьллачу гIалатех бахархошка къурд алийта деза баьхнарг а. Цул совнах Кадыровх лаьцна цхьа могIа жаргаш арахецарна "халкъан йаздархо" аьлла, цIе а йелира цунна.
Кадыровна а, цуьнан гергарчу нахана а, цуьнан агIончашна а кест-кеста кеп-кепара совгIаташ доькъу, уггар а лартIахь доцу царна кхачаийначу совгIатех лаьцна тхан сайто йаздира шен агIонашкахь.