Тахана Оьрсийчоьнан кеманаша вийна 23 маьрша шемахо
Бакъоларъярхоша бахарехь, тохар дина базарна а, цунна гергахь лаьттачу хIусамашна а. Лазийна 45 гергга стаг. Халачу хьолехь дарбан цIийнахь бу царех цхьаберш.
Хьалхо Оьрсийчоьно Идлибна дира и тайпа тохар, вийра 18 стаг, чIагIдо Шемин мониторинган центро. Кремло «фейк-хаамаш» бу олу и санначу информацех, бакъ дац дуьйцург, юьйцучу меттигашка ша тIеман кеманаш хьийсийна а дац, боху Оьрсийчоьнан тIеман министралло.
"ДжебхIат ан-Нусра" жамаIатехь хиллачу тIемалойх хIоттаеллачу "Хьайат ТIахIрир аш-Шам" коалицин карахь ю кху муьрехь МаIарет ал-Нуман а, цунна а, Идлибна а гонахара меттигаш а. Президентна Асадна дуьхьаллаьтта и ницкъаш.
Идлиб провинцера цхьайолу кIошташ хане эцна Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а вовшахтоьхначу юкъарчу дакъоша. Шаьш долаэцначу оцу меттигашкахь тIемаш хир бац, дIахьединера шина пачхьалкхо, амма лаьтта тийсадаларш тахханалц. Бакъоларъярхойн терахьашца, регионехь тIаьххьарчу кхаа баттахь вийна лаххара а 650 вахархо.