Гуьмсан гIалин кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Тасуев Сулим, зуламах лаьцна хаам ца барна – мессенджерашкахула шен доттагIчуьнца дечу къамелехь цунна, дийцарехь, хиина иза Афганистане ваха ойла йолуш хилар, террорхойн тобанехь дакъа лаца Iалашонца. Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, мебель арахоьцучу компанехь болх беш волу Тасуев 2018-чу шарахь ватсапехула, телеграмехула къамелаш деш хилла шен накъостаца. Вукхо, бахарехь, дийцина хилла цуьнга, ша иранхойн-афганхойн доза хадо дагахь ву... Читать дальше...
Несарарчу полицино лоьху гIишлош йоттаран компанин куьйгалхо Аушев Мусана дийнахь герз тоьхна волу зуламхо. ГIалин юкъерчу туькана воьдучу юкъанна хилла иза, шена йинчу чевнех иза велла, хаамбо "Интерфакс" агенталло, шен хьостана тIе а тевжаш. Baza телеграмерчу каналан хаамашца, тIелеттарг машенахь дIавахана оцу меттигера, тIаьхьо машен цIе летта карийра цхьайолчу ягориг юттучехь. Mash Gor каналан зерашца, цунна чIир екъна. Аушев Мусас социалан объекташ а, некъаш а доттаран компанина куьйгалла дора. Читать дальше...