Нохчийн Iедалшкахьа йолчу социалан машанашкарчу агIонаш тIехь зорбане йохуш видеош ю пхоьалгIачу регионера – Дагестан - машенашца, нохчийн ницкъахоша машенийн куьзганаш тIера схъадоху Iаьржа пардонаш. Цул хьалха Дагестанехь Нохчийчуьрчу машенлелорхочуьнгара "мигалкаш" лелорна бехкаш дехира.
ГIезалойчоьнан Лакхарчу кхело "Сахьийхь аль-Бухари" жайнеш экстремистийн материалаш лоруш бина сацам емалбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен телеграмехь "кхачамбоцу экспертизан" тIаьхье лерина цо и, кхайкхамбина мехкан муфтийга. "Тхо тешна ду, катоьхна кхело шен сацам юхабоккхур бу, гIалат нисдийр ду аьлла. Бист ца хьулуш, нийса ала дезарг а ца олуш Iачу цхьаболчу муфтийшка вистхила луур дара суна. Сурт хIоттон, шаьш гайта оьшучу хенахь, хьалха бу уьш, ткъа бусулбачийн бакъонна... Читать дальше...