Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан кхело Нохчийчуьра Черхигов Хазваха бехке лаьрра 1995-чу шарахь Басаев Шемалан герзаца йолчу тобанан декъехь йийсархой а луьйцуш, тIелатар дарна. Шогачу рожан колонехь яккха 12 шо хан тоьхна цунна. Оьрсийн зуламан кодексерчу бандиталла, теракт, набахтешкара вадар артиклашкахула кхел йинера Черхиговна, иштта тIелатар дечу юкъанна лелаш хилла йолу РСФСР-н зуламан кодексера леррина стаг вер, низамехь а доцуш маршонах хадор а артиклашкахула листира гIуллакх. Цунах лаьцна хаамбо кхелан телеграмерчу каналехь. Читать дальше...
Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалло юхаэцна нохчийн актёра Дебишев Тимура динчу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хуьлуш бина сацам – полисхоша шена еттарх, Iазапехь латторах дийцинера цо. Талламхочунна Абдулхаджиевна тIедиллина Дебишевн гIуллакхехула керла таллам бар. Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьало латточу тобанан" филиалан юриста Романов Сергейс дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу кхело листа дезаш дара бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хилар, амма талламхоша "шайн лаамца" юхаийцира и сацам. Читать дальше...