Пачхьалкхан, муниципалан лоьрийн хьукматашкахь лоьрийн кхачам болчу оьрсийн регионийн рейтингехь чакхенгара схьа кхоалгIачу меттехь* ю Нохчийчоь. 10 эзар бахархошлахь нислуш болчу лоьрийн терахь ду тидаме эцнарг. Хьал чолхе долчу топ-10 регионашна юкъанисбелла Роставан мохк а. Товбеца-баттахь долчу зерашца юккъерчу барамехь 10 эзар оьрсашна юкъахь 40 лор нисло, дуьйцу хьукматашна юкъарчу хаамийн-статистикан цхьаалин системехь Оьрсичоьнан могушалла Iалашъяран министралло. Къилбаседа Кавказан дукхачу регионашкахь и барам дикка лахара бу. Читать дальше...
Москван Хамовникан кIоштан кхело дIалаьцна нохчо Мазаев Зеламха, цунна бехке дуьллу низамехь йоцу герзаца вовшахтохаралла кхоллар. 2009-чу шарахь "Восток" батальонан хилла волу буьйранча Ямадаев Сулим верна Дубайрчу прокуратуро цунна бехк биллича вевзира иза дуьххьара. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн талламо а, кхело а сацам бира, билггал Мазаевс герз тоьхна хиллера Ямадаевна нах бехачу гIишлонан машенаш латточу майданехь. Амма цуьнан лар каръяле пачхьалкхера дIаваха аьтто баьллера цуьнан. Ямадаевца... Читать дальше...